Дегйовхо

Хьо муха хилало иштта?
Ницкъ бу, йа ю и сонталла..
Маьлхан з1аьнарал сирла,
Iуьйренан тхи санна ц1ена.

Ахь муха 1алашйо йовхо?
Йоцучехь ша хила хьакъ ..
Юха а д1атоьттуш ачо,
Г1аттийна кагбина малх.

Туьйранех хьо муха теша?
Г1енаша дицдича ирс..
Б1ара хьоьжуш сел эсала,
З1имарган доцучу рицкъ.

Боданна къарделчу дагчохь,
Летош серлонан чиркх..
Хьо муха тешало дийнах?
Буьйсано эцначехь ч1ир.


Рецензии
Маь1не,чулацаме,еша догдог1уш карайо суна хьан байташ,Тамия.
Язъелахь,х1инца юха а нохчийн маттана когаш бу туьйсуш,мехала ду нохчийн маттахь мел олу ,язде дош.
Дала аьтто бойла вайн массеран,вовшех бен кхета амал доцу панасинош ду-кх вай...
Лерамца,

Петимат Абубакарова   18.01.2013 01:17     Заявить о нарушении
Петимат, Дела реза хуьлда хьуна.
Бакъдерг аьлча, цкъачунна нохчийн маттахь бен язйа дог-м ца дог1а..хьара хийра метнаш к1ордор дуй хаац, со ц1ера яьлла иттех шо ду)

Марти Тамия   19.01.2013 00:31   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.