Ма кхайкха гуьйре..

Ма хIитта гуьйре неIаре гIайгIане кхойкхуш,
Б1аьстено кхоьллинчу ойланна ма теба хьо.
Аьхкенан буьйсано даточу аганахь къуйлуш,
И ховха хьерчийна  архьанах  шен зезаго.

Заманан мIаьргоно шен къайле цуьнга ялхийна,
Седарчийн шабарца чекх яьлла и аналлех.
Сийначу стигало мархашца иза техкийна,
Доттаг1чо цьеначу ниятца тешийна шех.

ДогIанех йоьлхуш, лазаман вераса хилла,
Механа буржалшца ма леца йийсаре ахь.
Масихло гуьйре дуьненан малхах дог дилла,
Не1аре х1уьттуш ойлане ма кхийдалахь.


Рецензии
Г1айг1ане елахь а, гуьренна зама ша тайпа хаза хуьлу...
Амма хьан васташ гуттара инзаре цец воккхуш хуьлу-кх.

Ларамца,

Заира Ибрагимова   23.09.2012 10:10     Заявить о нарушении
Заира Дела реза хуьлда хьуна..хаза хета хьо гича)

Марти Тамия   24.09.2012 01:08   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.