Ахьам со йицйина ца хилла..

Ахьам со йицйина ца хилла Дай баьхна юрт,
Кхолламо хийрачу некъаца йигарах гена.
Иэсанехь дендина хиллачу марзонийн сурт,
Со ишта гергара хиллера мичахь, я хьена?

Кхузахь сан бералла Органо хийла личийна,
Аьхкенан товхано делкъанна еттачехь ног.
Г1ад кура таллаш хийлаза теш а х1иттийна
Кхиинчу к1ажараш масаний чахчийна дог.

Хьан шира урамаш хьеси, сан синах тиссина,
Даимна шайна т1е ийзош  дахаран оьмар.
Зама д1а эхарах цкъа а сан чомо ца йицйина
Вайн бешахь лаьттина к1айн- меда комар.


Рецензии
Суна а б1аьргаш доьхьал теси сайн бералли суьрташ...
Дагалецамехь бен кхи ц1къа а юха йог1ур йоцуш д1айоьда-кх хан-зама б1аьрг нег1ар тохале.

Баркалла Тамия.

Заира Ибрагимова   03.08.2012 18:22     Заявить о нарушении
Заира, Дела реза хуьлда хьуна..
мне очень приятно, что ты зашла)

Марти Тамия   06.08.2012 18:37   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.