Муса Ахмадов. Нохчийн поэзин тамашийна стихаш

(эссен дакъа)

Юсупов ИбрахIиман говзарш юьзна ю кхехкачу синкарзахаллех, шовкъах.

Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь,
Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.
ХIай Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,
Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета.

Оцу стихан духхьарлерачу могIанашкахь а хаало къайленаш, хаттарш.
Iажаркх-буц хIунда къастийна поэто, масала, липпар, латталуьттург я Iаждарбуц ца къастош, цу тIе суьйренан тхишлахь массо буц ма тIунло?.. «Iажаркхо» ойланийн цинцаш (ассоциацеш) кхуллу: Iажаркх - Iа - Iаьржа -Iожалла.

«Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета». «Кху цIенчу дахарехь». Дахарна «цIена» аьлла эпитет ялар а ду тамашийна. Кхин дIа автор даррехь вистхуьлу Нана-Аьрзуне: «Тховса ма йижалахь». Амма кIорни карор ю аьлла дегайовхо ца кхуллу хIокху дешнаша: «Суна хьох къахета». Авторна хаьа, бохам хилла баьллий, хIумма а хийца йиш йоций. Цо дуьххьал дIа хьехамаш бо, и тIедеъна вуо лан Нана-Аьрзуна гIо деш.

Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,
Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах…

Оцу васташкахь бохамо хьаьшначу Нана-Аьрзун синкарзахалла, тIепангах лелхаш, лаккхарчу тIегIане кхочу.

Хьалхарчу могIанера «суьйренан кIур» - иза малхбузуш ламчохь Iаннашкара гIуьтту дохк ду, я серло эшош баьржа маьркIажан бода бу, я сингаттамо боттучу ненан кийрара гIуьтту Iаь ю?.. Цхьалхе йоккхуш, тида йиш йоцу васт. Цо кхуллу шатайпа исбаьхьаллин къайле а, кхерамех буьззина синхьехам а.

Бохаман а, и бахьанехь ненан кийрахь кхоллабеллачу сингаттаман а барам, лаьттан гурашкара болий, космосан паналле кхочу:

Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах…

ШозлагIчу байтан кхоалгIачуй, боьалгIачуй могIанаша тIечIагIдо цкъа а нисдан йиш йоцург хилла чекхдалар:

Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш,
Ткъа, хьайниг цаьрца яц – хьо йиси цхьалха…

Иза шатайпа тийжам бу, вуо ловчу аьрзунан дог иэца гIерташ бен тийжам.

Говзаран тIаьххьара биъ могIа автора (лирически турпалхочо) Нана-Аьрзуга кадам бар, вистхилар, «вуонехь дакъалацар» ду:

Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,
Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.
Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:
«ХIай Нана, со вай и-м хьан вайна кIант!».

Кху могIанашкахь шена тIе тидам бохуьйту «сахаддалц» бохучу куцдашо. Цо кхин а тIечIагIйо авторо дуьйцург дахарний, Iожаллиний дозанехь лаьттачу стеган ойланаш, цуьнан орцане мохь хилар. Озийна пха санна, дуладеллачу сино («сахаддалц») бетта мохь бу иза.

Стихотворенехь масех ю дуьззина маьIна даста йиш йоцу я хормин логика йохийна меттигаш. Амма уьш сакхте хIума а ца хета. ХIунда аьлча, логикел лакхара бу синхьехам, цо кхуллу карзахалла а.

И стихотворени, кийрара арагIерта шовкъ а, бIаьргаш чохь хIоьттина хиш а сецош, дегочу озаца, ИбрахIима йийшира «Пхьарматан» гуламехь I982 шеран май баттахь. Ехха тийналла лаьттира и ешна ваьлча… Массеран дагах кхеттера иза. Суна цу могIанашкахь адаман дахаран чаккхе а, цул тIаьхьа хиндолчунна хьалха болу кхерам а, Iаьржачу стигланийн йистйоцу кIоргалла а хааелира…

Цул тIаьхьа тхо дIасакъаьстира. И бутт чекхболуш да а, ваша а цхьаьний дIа а ваьлла, и доккха вуо хала ловш со воллуш, со волчу сан догъэца веанчу Атсаламов Идриса соьга элира:

- ИбрахIим дIаваьлла хьуна…

- Мила ИбрахIим?

(Изза цIе яра кхелхинчу сан жимчу вешин а)

- Поэт Юсупов ИбрахIим…

- Муха?

- Хьан ваша санна,  хи чу а вахана, дIакхелхина… Сибреха балха ваханчохь…

Сан бIаьргашна хьалха денделира цо шен стихотворени ешна де. ХIаъ, цуьнан Iожаллин синхьехам хиллера цу могIанашкахь хаалуш берг. Нана-Аьрзуга ца хиллера иза мохь бетташ, шена елха юьсучу шен нене бетташ хиллера. ХIан-хIа, «Iажаркх-буц» тIунйинарш суьйренан тхиш ца хиллера, уьш поэтан бIаьрхиш хиллера…

Тхоьга санна, вуо деъна стаг сайна дуьхьал хIоьттича,  цо шегара хьал дийцича, сайн сингаттам дика байлуш хетара суна. Иштта хетар ду-кх цуьнан нанна а аьлла, суна лиира цига кадам бан ваха.

ТIаккха Нохчийчохь аьрцнашца евлла хьаннаш гIана юкълучу хенахь, цхьана аьхкенан довхачу дийнахь сой, сан накъост Идриссий Лаха-Варандара охьаваьлла,  Хоттане вахара. КIентан вуо хала ловш йолчу нанна дуьхьал хIоьттира тхойшиъ:

- Дала иманца собар лойла хьуна! ИбрахIим дика кIант вара. Дала гечдойла цунна!

ТIаккха Идриса тхойшиъ вовзийтира, соьга кхаьчна вуо а дуьйцуш. Ненан ойла мелла а екъаелча санна хийтира суна.

Цул тIаьхьа цхьа шо а делира. Сан дуьххьарлера «Десачу цIа чохь буьйса» киншка ара а елира.

Цхьана дийнахь гIала веъча, ИбрахIиман ваша гира суна.

«Хьан киншка ИбрахIиман хIумнашца цхьаьна Iалашъеш ю хьуна тхан нанас. Хьо чIогIа гергара хета цунна…» - элира цо.

ХIаъ, иштта дара адамаш хIетахь, тхо кегий долуш.

…Дукха хан яра хIара эссе язъян сан лаам болу. Мел тIаьхьа а язъян аьтто бели-кх сан. АлхьамдулиллахI, Далла бу хастам!

Январь, 20I2

Муса Ахмадов, нохчийн яздархо.

«ОРГА» журнал, № 2 2012.

 

 


Рецензии
Дагах кхийти эссе,дика язйина ю.Дела реза хуьлда статьян авторна а.

Петимат Абубакарова   20.03.2013 00:05     Заявить о нарушении