даге

ма талла пане,
йойъур ахь кхане,
балано ба1 бина,
чалхо ткъа да1 дина.

хьо лезнарг тийна,
ца лезнарг 1ийна,
бахамо во1 во,
"г1алхо"ткъа стаг во.


иштта ду дуьне,
бакъ хилла тахне,
халонаш а язлуш,
дахар а къарцалуш.

товш аьзнаш декна,
хьоза а дайна,
хабарах тов хилла,
хьо кхарста сов тилла.

хьа шуьне хиъна,
дахар шайн диъна,
ойланаш к1ур хилла,
хиламма лихкина.

иштта сан дешнаш
чарте а хьаьжна,
со хьоьсту ойланаш
заманал а яьжна


Рецензии
Азина т1етовра ю со,байт дика ю. Вай тахне ю-кх...
Ларамца

Заира Ибрагимова   02.02.2014 01:10     Заявить о нарушении
Заира,Дела реза хуьлда!дала аьтто бойла кхоллараллаьхь!хьан стихал йоьшу ас сих -сиха.хьуна поэзи йоьвзу. Ахь безамахчул дукха кхидолчу х1уманах яздойла-м лаьара суна:-ахь вон ца яздодела.

Арзу Банжаев   04.02.2014 23:39   Заявить о нарушении
Дела реза вайна массарна а хуьлда! Баркалл хьуна довха,хаза дош аларна.Ахь аьлларг аса тидаме эцна)
Боккхачу ларамца

Заира Ибрагимова   07.02.2014 17:27   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.