Роза Агоева. Дахар хадахь...
Дехар хир ду хьоьга сан весетах:
ЧIир а лаций, хорам къуьйлуш хьайна,
Далла дезна доцург тIе ма леца.
ГIайгIанечу новкъахь со ма леха,
ГIийла ойла суна хийра хилла.
Со-м, Чегем-хин гIовгIа лерехь ехаш,
Зевне некъаш гездина юй хийла.
Ахь со леха дахаран мукъамца:
БIаьргаш теIош, седа серлабаьлча,
Стигал этIош, Iеначу догIанца,
Ховха буц мехашца ловзаяьлча.
Олхазарийн эшаршка ладогIий,
Тергалъе ахь сох йисина бIаьсте –
Гур ду хьуна, цо хьан дог ма-хьаьстти,
Сан са ирсах хьуна гергадогIур.
(ГIебартойн маттера)
Свидетельство о публикации №112040209111
Чулацаме байт-весет а хилла Агоеван!
Адамна диканиг хила лаарца,
Асламбек.
Асламбек Гайтукаев 26.07.2017 16:48 Заявить о нарушении
Адам Ахматукаев 31.12.2017 00:04 Заявить о нарушении