Дешархойн хаарш зуьйш

Цул тIаьхьа жимма хан яьллехь а, Куршлойн районерчу дешаран декъо Куршлойн-Эвлара № 1 йолчу юккъерчу школехь дIаяьхьначу  олимпиадех дийца лаьа суна. Дика нисделларг а, кхачамбацарш а билгалдохуш. ТIаккхахула дешархойн хаарш зуьйш сайна зеделлачух масал хилийта а.
Олимпиадехь дакъалоцуш бара Куршлойн районера 27 школера 329 дешархо.
Билгалъяьккхинарг нохчийн мотт-литературий, оьрсийн мотт-литературий, истори, географи, биологи, физика - ерриге а итт предмет яра. ХIора а предметана билгалбина бара массо а школашкара баьхкина дешархой. ХIора а школашкарчу векалшна лаьара шайний-шайний сирла ирс къоьжийла. ХIоранна а безара «юьхькIам» шаьш хьалхатеттинчу дешархошкара. Амма олимпиадан жамI дича бен хууш дацара и «юьхькIам» цIе йолу ирс хьанна делалур ду.
Хууш дацара хиндолчун хьесап дан, цхьа Дела воцчунна. Амма кхеташ дара хьалхара меттиг баккха атта хирг цахилар. ХIунда аьлча, хIора а дакъалацархо гIеххьачул токх вара шен-шена хуучу Iилманах.
Билгалдаккха лаьа, со дуьххьара вара дакъалоцуш ишттачу вовшахтохарехь. Бакъду, олимпиаде дахкале хьалхарчу дийнахь, лакхарчу классашна нохчийн мотт, литературий хьоьхуш волу, белхан лакхара категори йолу Хамерзаев Зайрбек могуш воцуш цIахь вуьсуш ву, цуьнан метта со ву ваха везаш, сайга аьлча, лов-аьлла хийтира суна, сайгара «юьхькIам» хир буй те сан школана аьлла.
Вуьшта, дуьххьара доцуш хIумма ца хуьлий-м хаьара суна. Ткъа хьехархо воллушехь аса а иштта сагатдеш хилча, дешархошкахь и сингаттам кхин а сов хир буйла а хаьара суна. Цундела ас сайн болх Далла тIе биллира. Дала суна гIо а дира.
10-чу классашна урок луш, болх дIабахьа, шен балха тIехь доккха зеделларг долуш волу накъост кхачийра суна. Иза вара Цоци-Юьртарчу № 3 йолчу юккъерчу школера нохчийн моттий, литературий хьоьхуш волу хьехархо Минкаилов Хьаяби.
Цхьана агIор сапаргIат даьллехь а, ойланаша йийсар винера со, соьца ас болх бечу Цоци-Юьртарчу № 1 йолчу юккъерчу школера баьхкина дешархойх, со волчу классехь цхьа а ца хиларна. Со санна дуьххьара баьхкина болчу церан ойла йора ас. Ткъа уьш 9-чуй, 11-чуй классашкахь шишша вара. Делахь а, тIаьхьуо и иштта нисдаларна Далла хастам бира ас. ХIунда аьлча, оцу сайн 4 дешархочо хьалхарий, шолгIий, кхоалгIачух кхоъ а, берриге 5 меттиг баьккхира. Царна озабезам бина олучух со юьстах висира.
Бакъду, оцу ерриге а ханчохь, цкъа вистхилира со, 9-чу класса чу а ваьлла: «…Меттах ца хьуьйш IадъIе охьаховший, ирс хуьлда шун. Шу дохий ма хьийза, аша Iамош берг вайн нохчийн мотт бу. Вайн ненан мотт и хиларе терра, и мел безаш верг а дукхавеза суна. Бисмилла а аьлла, аша цIеначу нигатца долийнчунна Дала гIо дийр ду шуна. Доха а ца духуш, шайн болх бе. Дала тIаьхье беркате йойла…» аьлла, сайн вистхилар дерзийра ас.
Нохчийн меттан оцу кхаа классехь шина а предметана верриге 54 дешархо вара. Уьш берриш а нохчийн маттана а, иштта литературана а жоьпаш луш бара.
Дагна хазахетар дара верриге а олимпиадехь дакъалоцучаьрца дуьстича, 6-гIа дакъа нохчийн маттаний, литературиний хилар.
Кхечу декъана, суо корреспондентан декхарш кхочушдеш хиларна, беш болчу балхана дуьхье кхуьуш, цхьацца долчу белхашна тидам бира ас.
Дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна хаалора оцу балхана тIехь Iуналла деш цхьа Дай хилар.
Олимпиадин дола деш бара, шайн коьртехь РОО-н коьрта специалист Дааева ПетIамат а йолуш, специалисташ Макаева Лайлаъ, Эльтемирова Рукъият а. Иштта шегара жигаралла гайтира РОО-н хьалхара категори йолчу специалиста Юнусов Ахьмада а, массо а классашна тIехь Iуналла деш.

ШолгIачу дийнахь, залачохь белхаш толлуш болчу комиссин декъахошна хьошалла деш Iуьйранна дуьйна – сарралц тIекхоьхьучуьра чай, цIазамаш, пиченеш ца хадийтира РОО-н методкабинетан заведующи волчу Джамалханов Iийсас.
Комиссех дерг хьахийнчуьра тIетоха лаьа, къаьсттина бIаьрг буьзнера сан, оцу дийнахь нохчийн меттан белхан таллам беш, ур-аттала делкъе а ца еш, чохь мел болу кхечу предметашца берш бевлча а къахьоьгуш Iийначу, Куршлойн-Эвлара   № 1 йолчу юккъерчу школехь болх беш 25 шо долу Бисиева Сапетах а, цуьнан накъост хилла къахьегначу Iаларойн-Эвлара № 1 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан,  литературан а хьехархочух Хавасова Эсилбиках а.
Хьал ца хуучунна моьттур ду, оцу кIирандийнахь хьаьвзина, шина-кхаа сохьтехь олимпиадех дерг дIадирзина. Амма и данне а иштта дац. Олимпиадан болх болийна кхоалгIачу дийнахь бен и уггаре кIеж хьовзийнчу кхаьчна а ца хиллера. Суна хетарг, тIевеанчуьнгара мегаш салам схьаэца а ца ларалуш, жамIашна тIехь «учет» еш, лоруш сихбелла бохкура специалист Юнусов Шайх-Ахьмад, методисташ Бишиев Сайд-Эмий, Яхъяева Луизий, Мусалипова Бирланттий.
ТIехьаьжна а гуш дара Сайд-Эми чIогIа хIоьттина хилар. Хьалхара буьйса сема яьккхина хил-куц дара цо, деваша цамгарца волуш, цунна гонах хьийзаш (Дала маршалла дойла цунна).
Ткъа, Мусалипова Бирлант-м хIетахь бен ша курсашкара цIа кхаьчна йоццушехь, кхидерг тIаьхьа а теттина къахьоьгуш яра.

Со цигара схьаволучу хенахь, нохчийн маттахь долчу къовсадаларшкахь баьхначу хьалхарчу меттигашка хьаьжира со. Хьалхарчу ялханнах, 4 (биъ) Iаларойн-Эвларчуй, 2 (шиъ) Цоци-Юьртарчуй школашна бара, ткъа шолгIачуй, кхоалгIачуй меттигашкахь Куршлойн-Эвларий, Гелдаганарий школаш хийтира суна.
Цул тIаьхьа, ши-кхо де даьлча, со хилира Цоци-Юьртара № 3 йолчу юккъерчу школехь. Дуьххьара со тIенисвеллачу, оцу школан директоре, Турпулханов Iадлане сайн цуьнца долу салам-маршалла чекхдаьлча, 10-чу классан дешархочуьнца Гаруева Хадижатца цхьаьнакхета лууш суо веана хилар дIахаийтира ас, айса беана некъ бовза а бовзуьйтуш. ТIаккха со шайн завучана Гарсиева Заретана тIевигира цо, изза Зарет хиллера ХадижатгIера классан куьйгалхо а. Боцца айса беана некъ дIабовзийтинчул тIаьхьа, Гарсиева Зареттий, нохчийн меттан хьехархо, Минкаилов Хьаяби, тхо цхьаьний, церан класс йолчу шолгIачу этажа тIе хьаладевлира. Иштта тхо церан класса чу дIакхаьчначу хенахь, нисса ялх урок чекх а яьлла, шаьш арадовлале шайн гIанташ стоьлаш тIе хьаладохкуш бохкуш тIекхечира тхо ХадижатгIарна.
Берашка де дика динчул тIаьхьа, Хадижате шеца йолчу шина а накъостаца класса чохь тIаьхьасацар дийхира Зарета.

Суна хьалха евзаш а яцара Хадижат. Цунна суо вовза а вовзуьйтуш, Хадижате а айса беана некъ дIабовзийтира ас. Цунна-м хууш ца хиллера ша олимпиадехь хьалхара меттиг баьккхина хилар. Соьгара и хаам шена хезча, цкъа йоьлла эхь хетта, соьх бехк лаьцна, цIийелла охьатаьIна дIахIоьттира иза. Амма цуьнан бIаьргаш чохь хIоьттинчу суьрто гойтура йоьIан хазахетаран доза цахилар. Айса цуьнга баьккхинарг хаза кхаъ хиларна, дагна там хилла со а вара. Амма жимма ойлане вахара со, ванах, хIоккхул эхь хеташ йолчу кхуьнгара интервью эцалур а юй-техьа аьлла. Ткъа цунна-м со хьалха дуьйна вевзаш хиллера. Вевзаш хиларо аьтту бира суна кхидIа къамел дан. Ас суо вовзийта дагахь, суо юьртара хилар шена хаийтича:
 - «Вевза суна… Хил дехьарчу школера вац хьо? Хьан стихаш ешна ас», - тIетуьйхира цо.
Юха а цхьа хаттар дира ас Хадижате, иза жимма паргIат яккхархьама.
- Дийцахьа, Хадижат, мичахь ешна ахь сан стихаш?
- Дуьххьара-м стохка дара иза. Нохчийн литературехь «арахьара дешар» аьлла  урок яра тхан. Оцу урокехь тхан хьехархочо Хьаябис, вайн юьртахочо вайн юьртах лаьцна язйина ю аьлла, «Орга», «Вайнах» а журналаш тIера, вайн районни «Машар» газетан агIонаш тIера а йийшира тхуна. Церан номерш йицъелла суна, делахь а, юьртахочо, юьртах лаьцна боху дешнаш санна, царна тIера «Нур догу синош», «Ткъесан серло» цIе йолу ши стих, баллада а дага-м йогIу суна. ХIунда аьлча цу тIехь дуьйцуш дерш со йинчу Цоци-Юьртах лаьцна хиларна а, автор юьртахо ву аларна а. Бакъду, цул хьалха, вуьйцу хазар бен, кхин ахь язйина хIума гина а ешна а яцара аса, - аьлла шен къамел дерзо гIоьртира Хадижат. Амма, мелла а цуьнгара сайна довза лууш цхьацца хIума долчу ас юха а хаттар дира:
- Хадижат, дийцахьа хьо олимпиаде йоьдучу хенахь цхьа а дог-йовхо ярий хьан, айхьа хьалхара меттиг боккхур бу аьлла?
– Цхьа дог йовхо-м яра сан. Айса-сайна бина сацам бара сан. Нагахь санна цигахь ненан маттах лаьцна стихотворени еша алахь, айса керла Iамийна «Айало ненан мотт» цIе йолу ахь язйина стихотворени йоьшур ю аьлла. Цундела, кхин ца яккхалахь а, цхьа «балл-м» яккхалург хиларх тешна яра со, амма хеттарш кхин тайпа хиллера, цхьа бал хьовха, цхьайтта кIезга хиллера, хIунда аьлча нохчийн маттана а, литературана а дерриге 19 хаттар дара нийса жоп дала дезаш.
- Хадижат, йийцахьа, хеттарш тIехь долу олимпиадан контрольни кехат хьайна хьалха диллича, хьайн хилла ойла?
– Со сайн хааршца хьалхаяьлла аьлла-м ца хета суна. Дала сох бина къинхетам хир бу-кх иза. ХIунда аьлча, сан шеконехь дисира дуккха а хаттарш, сайн уьш нийса нисдаларан кхин бахьана-м гац суна. Масала, литературана шенна жоп дала дезаш дара 14 хаттар. Айса уьш «черновик» тIе дIаяздина дела дика дагадогIу суна уьш.

Хьалхара хаттар:

«Дуьххаьрлера нохчийн алфавит маса элпах лаьтташ яра?
49.
37.
32.

Билггала нийсаниг къасто ца хаьара, амма 49 элп и хир доций хаьара, хIунда аьлча, карарчу хенахь йолу алфавит и хиларна, ткъа 32 элпах и хилла хир яц аьлла хетара. Даго хьоьхура, нохчийн маттахь цхьа элп хилла а оьрсийн алфавитал сов хир ду аьлла, ас 37 аьлла йолу вариант къастийра.

ШолгIа хаттар:

«Аькххийн Жанхотан илли».
Лирически илли.
Турпаллин илли.

ШолгIачу хаттарна жоп дала хIумма а хала дацара. Цкъа делахь, тхуна школехь Iамийна лирически а, эпически а иллеш вовшех къасто. ШолгIа «Аьккхийн Жанхотан илли» оха стохка дешнера. Иллин чулацам а, дIахIоттам а дагахь хууш бара. Оцу иллин турпалхой: Мадин Жаммирза, Таймин Биболат, Зайтин Шихмирза, Жумин Акхтула, Баччин Элмарза, Оьрсийн кIанттий, Нохчийн кIанттий («Нохчийн кIант», соьца гIиллакх лаьцна, «жерочун кIант» ца алархьама аьллийла хиира суна цо; цунах а хаалора йоьIан оьздангалла. Авт.), оцу ворхIе а турпалхочун цIераш йовзийтира цо, шайн накъостана Аьккхийн Жанхотана гIуллакхана араваьлла волу. Цу илли тIехь юьйцуш ю къаьмнашна юккъера доттагIаллийн тема. ТIаккха муха эр дац иллин маьIна хууш хилча и турпалхочун илли дац?
Цу тIе:

«…Яхь йолчу кIанта халахетар дийр ма дац,
Дикачу кIанта харцо а йийр ма яц,
Тешаме доттагIа, яхь йолуш хилар,
ГIийлачух, мискачух дог лозуш хилар,
ГIиллакхе хилар оьзда ду кIантана,
Яхь йолчу кIенташна и хаа ма деза»

- бохуш, цу илли тIехь дуьйцуш а хилча. Ма-дарра аьлча, оцу шолгIачу хаттаро майраяьккхира со, кхидIа а хаттаршна жоп далалур ду аьлла. Бакъду, дIадолалушшехь кхоалгIа хаттар а къовсаме делира тхан.

КхоалгIа хаттар:
«Серло» газета муьлхачу шарахь арадаьлла?
1923 ш.
1925 ш.
1927 ш.

Кхузахь а хьалхара ши вариант яра къовсаме яьлларг. Сан накъоста бохура хIинца «Даймохк» цIе йолуш ду и газета, хьалха «Ленинан некъ» хилла цуьнан цIе, ткъа тхан  дас олура, и нохчийн газета дуьххьара арадолучу хенахь «Серло» цIе йолуш хилла. Доцца аьлча, оцу газетийн хьалхарчу агIон тIехь, лакха юьххьехь яздина ду-кх, арадала  доладелла хан 1923-гIа шо аьлла тIечIагIдира цо. Амма суна дагахь лаьттара, нагахь санна со гал яцахь, оцу сан накъоста дуьйцуш долчу шарахь дуьххьара арадаьлла газета «Советская Автономная Чечня» цIе а йолуш, вайн литературехь дуьйцуш ма-хиллара 23-чу апрелехь 1923-чу шарахь арахецна дуьххьарлера номер бохуш. 1925-чу шарахь дуьйна «Серло» бохучу цIарца арадолуш дара нохчийн маттахь долу и газета бохуш а хилча. Оцу шина вариантех айса къастийнарг суна дага ца йогIу.
- Кхидолу хаттарш дагадогIий хьуна? Царех муьлхарг халахийтира хьуна, дийцахьа?

- ДоьалгIачу хаттар тIехь:

«Нохчийн литературехь дуьххьарлера роман».
М. Мамакаевн «Революцин мурд».
С.-Б. Арсановн «Маца девза доттагIалла».
С. Бадуевн «ПетIамат».

Царах муьлхург ю хьожуш а галъяла ца лаьара. ХIунда аьлча, шолгIий, кхоалгIий хаттаро шеко кхуллура суна. Ас ойла йора, С. Бадуев нохчийн литературан бухбиллархо ву а ма олура, ткъа царех хан воккха а волуш, хьалхе дуьйна Петарбухехь дешна а волчу Арсановс язйина хир ю олий а хетара. Делахь а, ас къастийра «ПетIамат» цIе йолу Бадуевн роман, и нийса нисделла хир ду-кх сан.
Цунна тIаьххье долу пхи хаттар атта хиира суна, цхьа а шеко а йоцуш.

ПхоьалгIа хаттар иштта дара:

- «Нохчийн стихан кеп муьлханиг лору?»
Силлабически.
Силлабо-тонически.
Тонически.

Нохчийн маттахь силлабо-тонически стихкхолларан кеп оха Iамийна ма ярий.

ЯлхолгIа хаттар:
 
«Даймехкан косташ» стихотворени я I. Мамакаевс, я Х. Эдиловс а ца язйиний а, и язйинарг М. Мамакаев хилар а хууш дара, вайн Нохчийн иллиалархочо Дагаев Валида цу дешнаш тIехь олуш илли хиларна.
 
ВорхIалгIа хаттар:

«Муьлхачу стихотворени юкъара ду хIара дешнаш?»
Ш. Арсанукаев «Ненан мотт».
Б. Саидов «Ненан мотт».

Хьайн ненан мотт хаахь,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
Цунах ма херлолахь,
ДоттагIа, варийлахь,
Ненан мотт хьай бацахь,
Байлахь вуй хаалахь!

И дешнаш Саидовн хиларан а шеко яцара.

БорхIалгIа хаттар:

«С. Бадуевс фольклорах пайда оьцуш язйина произведени».
«Iадат».
«Олдам».
ЦIеран арц».

Кхузахь «Олдам» цIе йолчу произведенехь Элашбина хазахеттачу олхазаран мукъам санна, хазахийтира суна нохчийн фольклорах пайда оьцуш язйинарг «Олдам» хилар шеко йоццуш тIечIагIдан сайн йиш хиларна.

Амма итталгIачу хаттаро ойла йийсаре йигнера сан иштта дара и хаттар:
Книгех лаьцна хIара дешнаш яздинарг: «Дукхаеза книга: цо гIо дийр ду шуна тайп-тайпанчу ойланийн эяларх кхета, цо Iамор ду шу адаман а, шайн а сий дан, дуьнене а, адаме а болу безаман дог-ойланца гIаттадо цо хьекъал а, дог а».

В.И. Ленин.
К. Паустовский.
А.М. Горький.

Оцу хаттаран цхьа а вариант ца карайора. Цхьа хIетал-метал хаьийла шуна бохург санна хеталора дуьйцуш дерг. Бакъду, даима а «дешар – серло, цадешар – бода» - бохуш хьехна волчу Ленина а книгех лаьцна иштта ала тарлора. ШолгIа, оьрсийн маттах, книгах а дуккха а довха дешнаш аьлла волчу Паустовскийс и аьлла хир ду аьла 99 % тешнера со. Ткъа и йисина йолу 1 % Горкийна лора ас. Амма Максиман автобиографи теллича, Горький дукха жима волуш дуьйна книгаш дукхаезаш хилла хилар дагадеъча, оцу цхьана процентана тIехьа шиъ ноль а хIоттийна, оьрсийн сийлахь яздархо билгалваьккхира ас.

– Хадижат, со воккхавийна а ца волу, дерриге хаттарш дага а догIуш, ахь лучу жоьпашна. Сан кхузе вар эрна ца хилла. Цундела хьан къамелана кхин юкъа а ца оьккхуш, ахь дисинчу хаттарех дерг а дуьйцийла лаьара суна, – аьлла, кхидIа а шена дагадогIург схьадийцар дийхира ас Хадижате.

– Дерриге хаттарш,  дика дага а ца догIу, лакхахь ас дийцина долу иттех хаттар-м цхьана кехат тIе дIаяздинера ас, делахь а, цхьа хаттар дуьхьал хIуьтту суна: «Хьамзат Саракаевн произведени муьлхарг ю кхарах?» - аьлла, кхоъ хаттаран кеп яра. Улле тесна йолу ши произведени хьенан ю хиънера суна, церан авторш «Алун шераш» - Х. Ошаев а, «Мила ву хьо» - I. Гайсултанов а вара, ткъа «Нихлара тIай» - язйинарг ца вовзара. Важа шиъ хьан язйина хиъча, кхоалгIаниг Саракаевн ца хилча яларий? Иштта, ца хуъушехь жоп нийса луш меттиг а нислора. Юха а Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» стихотворени, кхаа-деа дашца тIеюза езаш хаттар а дара. Кхин а масийтта хаттарна, цхьана дашца жоп дала дезаш хIетал-метал а дара. Амма тIаьххьарлера хаттар дар-кха дешархошна шайн кхеле диллинарг, шайна луъу вариант харжа йиш йолуш.
«Суна уггаре а дукхаеза произведени» - аьлла хаттарца, хаьржинчу произведенин цIе а, коьрта турпалхой а цхьана турпалхочун васт а дийцичхьана могуьйтуш.
Ас иштта яздира: Суна уггаре а дукха еза Пашаев Нурдин, 1919-чу шарахь Цоцин-Эвла йоккхуш гIазотехь эгначу 374 юьртахочун лерина язйина йолу «Нур догу синош» цIе йолу баллада. Коьрта турпалхой бу юьртан къеда Махьматмирза моллий, шайх Митаев Iелий, Мусло моллий. Царах къаьсттина хазахета Куршлойн-Эвлара волчу Мусло моллин васт. Шена цоцанхоша дIаваха пурба деллашехьа, тIамехь сецна иза. Юха а дехна цуьнга: «Хьо дIагIахьара, хьан доьзалш кегий бара, нахана оьшуш Iеламстаг а вара», - аьлла, амма цо жоп ло: «ХIинццалца шун сискалш, мархийн сахьаш дууш Iийна ша, хIинца шуна бохам тIехIоьттича дIагIур вац», - аьлла. ХIумма осал доцуш къамел дина, оцу тIамехь хIумма ледара а ца гойтуш, тIом бина цо. Цигахь вожа а воьжна иза.


Рецензии