Г1иллакхо веш ву-кха яхь йолу дика к1ант
Наха вуьйцуш хезнера суна Руслан. Руслан шен балхах Iаламат дика кхеташ, йоккха говзалла йолуш а, нахаца кIеда-мерза хиларца билгал ваьлла а вара. Цунна теш со а хилира, цунна тIе а кхачале. Оцу цергийн лоьрана тIе кхача гIерташ, рогIехь лаьтташ мел верг а вара жимма воьхна хьийзаш, хIинца делкъа хан хуьлуш а йоллу, Русланан белхан хан чекхъялахь хIун дийр ду те, бохучу ойланца. ЧIогIа магавора иза массара а. Цунах лаьцна мел хеза дош а дикчу агIор бен ца хезара.
ХIинца сайн рагI Русланна тIе кхоччушехь, цхьа-ши шо хьалха, сайна кхечу цхьана зудчо Русланах лаьцна дуьйцуш хезнарг хьахо лаьа суна. Зараъ яра оцу зудчун цIе. Цо дуьйцура, ша яра шен шийтта шо кхачаза йолчу йоьIан цергаш дIайохуьйтуш, Русланна тIе лелаш. Массо а ша-ша хьалха тIекхача лууш, шина чоьнах лаьтташ йолу, Руланан кабинет чоьхьа яьллера тхо масех зуда. ГIовгIанаш алсамъевллера чубаьхкинчийн. Цхьа хан яьллачу хенахь, тхоьгахьа а вирзина, вистхилира Руслан: “Бехк ма биллалаш. ХIинца шу уча ца довлахь, соьга болх балац, аш ечу гIовгIанехь…” - аьлла, уча дехира тхо. Дукха хан ялале юха чудийхира тхо Руслана, шена къинтIера довлар а доьхуш. Арахь шийла хиларна, доглезна хир дара цуьнан тхох. Ша бинчу балхана, шега ахча кховдийча: “Хьайгахь дацахь, ца делча а дац хьуна хIумма”, - олий, гIиллакхе волий хьаьвзара иза.
Ас и хIунда дуьйцу хьуна аьлча, иштта, цхьана кхечу цергийн лоьрана тIе нисъеллера со, хIетахь санна, сайн йоьIаца. Церг дIаяккхаран ши туьма мах болу хан яра иза. Дийна пхи туьман кехат кара а лаьцна: “КIант, хьуна соьгара мел догIу?” - аьлла, сан багара доллушехь: “ХIара а тоьар ду суна”, - аьлла, катоьхна сан карара пхи туьма шена хьалхарчу стоьлан гIутакх чу кхоьссира цо.
Ас ойла йира, хьажахь, мел йоккха башхалла йоллу, цхьатерра говзалла йолчу, оцу шина лоьрана юкъахь.
Берсанов Руслан хецца цIе яккха хьакъ долуш ву мичхьа а. Ткъа вукхуьнан цIе яьккхича бегIийла доцуш санна, хьулъян дезаш хуьлу. Со тешна ву, иза кхетарг хиларх, шен кхачамбацарш стенна тIехь ду, наха шен цIе тIаьхьашха муха йоккху жимма ладоьгIчахьана. Цундела, сайна цуьнан цIе хуъушехь, аса а тахана къайле йо-кх цуьнан цIеран.
Кхузахь цхьа Iеламнехан дийцар дагадеара суна.
Мацах, Муса пайхамаран заманахь, халкъ гулделла хилла боху Деле догIа деха. Гор-бертал а эгна, шега догIа дехча, Дала аьлла боху:
- Шуна юкъахь цхьа Iеса стаг ву, иза шуна юкъара дIа ца ваьлча, догIа доуьйтур долуш вац Со, - аьлла.
ТIаккха, Дала шега хаам ма-барра, цаьрга и дIакхайкхийна Мусас (Дала даржехь сов воккхийла иза).
- Вайна юкъара и Iеса стаг дIа ца ваьлча, догIа доуьйтур долуш вац ша боху Дала.
Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, стиглахь цIеххьана Iаьржа мархаш а гулъелла, Дела тIехьаьжжина, чехка догIа тоьхна оцу нахана тIе.
Юха а Деле хаьттина боху Мусас, (Дала къайле цIин йойла цуьнан):
- Ванах Дела, тхуна юкъара Iеса стаг дIа ца ваьлча, Ахь догIа доуьйтур дац а ма элира, тхуна юкъара дIаваьлла, тIевеана а стаг ма вац, Ахь догIа а ма даийти тхуна, аьлла.
Дала жоп делла:
- Шуна юкъахь волчу Iесачу стага ойла йира: “ХIинца хьала а гIаьттина, со дIавахча, хIокху халкъана гучуволу-кх ша. ХIай Везан Дела, гечде Ахь суна. Со дохковаьлла-кх, хIинццалц сайгара дийлинчу массо вочу хIуманна”, - аьлла, цо иман диллира. Ас цунна гечдира. Цул тIаьхьа шуна догIа деара.
Юха а хаьттина Мусас:
- Я Рабби, хIай Везан Дела! Вийцахьа суна иза, - аьлла.
- Ас муха вуьйцур ву хьуна иза хIинца, имане веанчу хенахь, шовзткъа шарахь шена Iеса волчу хенахь а Iора ца ваьккхина волу? - жоп делла Везчу Дала.
Цунна дайна, айса лакхахь вийцинчун цIе ца йоккху ас. ХIун хаьа, цул тIаьхьа иза имане веанийла а.
Делкъа хан дикка тIехъяьллехь а, тхайн рогIехь Русланан белхан кабинета чу кхечира тхо. Тхох шен бIаьрг ма-кхийттинехь, оццул ша кIадвелла, хIоьттина воллушехь, велавелла, векхавелла шен гIентара хьала а айавелла, вовшашка хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, со гIанта а лахвина, ас шена тIе беанчу лазаме лерина ладуьйгIира цо. Цергаш муха хьолехь ю хьажа, тхуна улло дIахIоьттира, тIеюьйхина кIайн халат а йолуш, безамехь жима зуда.
Иза хиллера церан коллективехь а тоьллачех йолу цергийн лор Тушелаева Дагмара.
Цу хенахь, дехьара чохь цхьаьнна-м цергаш тоеш, болх беш воллура доккха зеделларг долуш волу цергийн лор Аюбов Мохьмад, шена улло ваьлла цергийн лоьран “стажор” волу, шен цIархо, Цуруев а волуш. Ткъа сехьарчу маьIигехь, церг-доьла дахон маха тухуш йоллура, цергийн кабинетан медйиша Исаева Рамнат. Цунна оьшучунна дIахIоьттина яра цергийн лоьран шолгIа стажор Хадаева Лаура а.
Доцца аьлча, цу чохь верг хIора а балхах “воьттина” вара. Мукъа Iаш цхьа а вацара. Шена тIебаьхкинчу цомгашчеран хьашташка хьовсуш бара, хIумма а, шаьш кIадделлера аьлла, цхьанна бехказлонаш ца еш. Ур-аттала, делкъе а ца еш, хьанал къахьоьгуш бохкура уьш. Оццу хенахь, неI йиллина арахьара чу хьаьжначу цхьана кхечу лоьро хаьттира:
- Руслан, шун садаIар хила а ца хуьлу? - аьлла.
- Дера, хан-м тоххарехь тIех а ма яьллера, делахь а, хIара генарчу ярташкара баьхкинарш а болуш, болх сацон бегIийла ца хеташ ма Iара тхо-м…” - жоп делира Руслана.
Кхузахь хаттар кхоллало вайна хьалха.
Вайн районехь кхин а цергийн лоьраш боллушехь, къаьсттина Русланна тIе кхача гIерташ хIунда ву-те хIора а?
Оцу хаттарна жоп атта карадо. Вукхеран лоьрийн говзалла лахара, кхеран лакхара хилар ду те?
Адамашца лерам хилар ду коьртаниг. Русланан хьомарна, цунах даьллачу беркатана тIегIерташ ду адамаш.
ХIокху масийтта шарахь хилла хиламаш ловш, тIамо дегнаш чехийна долу адам, шайга хаза дош аьлла а дагна там бар оьшуш ду. Оцунах чIогIа дика кхеташ ву Руслан. Цхьаммо а цунах лаьцна олуш, диканиг бен хезна дац суна. Iаламат оьзда, шегара цхьаммо гIиллакх доккхур доцуш, шеца цхьана а кепара осала хIуманаш доцуш, вуьззина къонах ву Руслан.
Ткъа и гIиллакх, дуьнен чохь Дала Iалам къаго кхоьллина, гIа-бецан заза санна, адам хаздан кхоьллина ма ду. ГIиллакх ду ма боху ялсаманера схьадеана, юха ялсамане дерза дезаш а, ша лелочу нахаца цхьаьна.
Руслан везар, вовзар а цуьнан хазчу гIиллакхех доьзна ма ду. Руслан санна волу стаг, суна хетарехь, эзарна юккъехь цхьаъ бен волуш вац. Иза Куршлойн-Эвлара хилар, цу юьртан ирс хилла ца Iаш, мехкан а сий ду. Дала ма эшабойла вайна Руслан санна болу, яхь йолу дика кIентий!
Мел дийцарх а кхачор доцуш я кIордор доцуш ду Русланах лаьцна дийца диканиг. Делахь а, вайн халкъан хIокху дешнашца Русланах долу сайн къамел дерзадо ас:
Ницкъ хиларх хуьлуш вац
Яхь йолу дика кIант.
ХIилланах а хуьлуш вац
Тешаме дика кIант.
Тешамо, собаро,
ГIиллакхо веш ву-кха,
Оьздалло, стогалло,
Хьекъало веш ву-кха,
ГIиллакхах вуьззина
Яхь йолу дика кIант.
Свидетельство о публикации №112032508823