Беза, бовза хьайн Даймохк
Дезна суна лекха лаьмнаш
Лаьмнех дуьйлу шовданаш.
ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш,
Сан Даймахкан аматаш…
Со бер долчу хенахь дуьйна, боккха лаам бара сан, цкъа вахана Даймохк бустуш, Нохчийчоьнан массо меттехула, вайн лекхачу лаьмнийн, тIехь хьаннаш кхуьучу раьгIнийн исбаьхьа, хаза меттигаш йовза а, уьш сайн бIаьргашца ган а. Цаьрга доггаха хьажа лууш, Iаламо дIавоьхура шен цIена хIаваъ мийла. ТIаьхь-тIаьхьа дог карзахдуьйлура, и сан лаам кхочушбан лууш. Хийла байташ а язйора ас, цу лаьмнех лоций, геннара схьагучу хьесапехь, ойлано хьийзош. Амма и сан деган лаам кхочуш ца хуьлуш, гIан санна сиха дIадевлира сан бераллин шераш. ГIеметта а хIоьттира со, изза ойла хийца ца луш, дахаро лаьцна, къинхьегаман хьаьттахь белхалошца йохьалле вуьйлуш, доккха зеделларг лоьхуш.
Амма кхин а чехка уьдура денош, дагардан а ца ларош, хIора а шарахь бIаьстенаш йохкуш лаьмнашка ваха.
Иштта и лаам кхочушбан йиш ца хуьлуш, сан 40 шо а дуьзира, цул тIаьхьа махка тIом беъна хаьрцира ас йохаллехь хала йоьттина сан сатийсаман гIала. Сан халкъах хьаьрчира къизаллин бала. Кеманаша бомбанаш чу Iенош, маьI-маьIIехь херцара цIенош. Лаьмнашкахь декара дур-р. Ткъа, лаьтто, хIоъ-молхий худуш, шена тIеоьцура лазар. Лаьмнаша, шайн дера чевнаш а лечкъош, шаьш кура латтарца, ир-кара дохура дог. Амма, сан кийрахь лозура и.
Хьомсара сан Даймохк
Суо ирсе хета,
Хьо мел бу вехаш ву
Дуьненчохь со.
Хьуна мел кхоьссинарг
Сан дагна кхета,
Сан дог а лазадо
Лазийча хьо…
Амма, шеко йоцуш, тешара дог Даймехкан балийна мел делхахь а кийрахь. Собаро са дууш кхехкара яхь. Тешара Даймехкан хиндолчу ирсах, бIаьстенан юьххьехь цо шен заза доккхург хиларх. Чекхбелира хьалхара тIом. Сан лаам кхин а совбелира лаьмнашка ваха. Лаьара оцу лаьмнашна хилла чевнаш ган, йовза. Царна тIе къинхетаме бIаьрг а хьажош, сайн бIаьргашца ган.
Хьалхара сан лаам кхочушхилира 1998-чу шеран 8-чу августехь дуьйна кхо-де-буьйса лаьцна.
Тхешан жамаIатан маьждиге лелаш болчу накъостех пхийттех стаг вовшах а кхетта (со массарел воккханиг а волуш), цигахь даго дечиган бист кхаччалц юург-мерг а кечйина, масех машенахь хьаладахара тхо.
Тхо духхьара шина регIана юккъе дулучохь, Сиржа-Эвлан йистехь, обарг Зеламхана, шен говраца цхьаьна йоьгIна йолчу памятникана уллехь суьрташ дахийтира оха. Цул тIаьхьа Хорачу кхаьчча Зеламха ваьхначу метте а, ломахь и дIатарвелла Iийначу, хара йолчу лома а хьаьвсира тхо. Тхоьца видео-камера а, сурт доккхург а, турмал а яра.Цигара Къоьзана Iома тIе хьаладахара тхо. Суо Дала дуьнен тIе ваьккхичхьана сайна ур-аттала гIенах дуьхьал а ца тесна йолу хазалла гира суна цигахь. Дуьненан ялсамани хийтира суна цигара Iаламан сурт. Ма-дарра цуьнан сурт хIотто говзалла а ца карайо суна. Делахь а, тхайн хилларг-лелларг хьахо хьожур ву со.
Хьалха, "Турбаза" хиллачу меттехь волейбольни майданахь четар а тоьхна дIанисделира тхо. Дуьххьара тхайн лулахой муьлш бу хьаьвсира тхо. Уьш бара тхо санна садаIа баьхкина, цхьана агIор Куршлойн-Эвлара а, вукху агIор Йоккхачу АтагIара а кегийрхой. Цу уллохь хIун юрт ю-те аьлла машенахь дахча, гена йоццуш, Хой цIе йолуш, бIаьвнаш а йолуш, жима кIотар а яра, шена чохь бехаш кIеззиг бахархой а болуш.
Иштта даккхийдерца дIаелира тхан дуьххьарлера буьйса а. Пхьуьйра ламазана молла а кхайкхина тхо жамаIат ламазана дIахIитта дагахь долчу хенахь, Iаламат, суна цкъа а ца хезначу хазачу мукъамехь, гондIахьарчу лаьмнаша тIаьхьара олуш санна, цхьанхьара зевне декарца, молла кхойкхуш аз тIедеара тхуна, Къоьзана Iомана дехьара схьа. ЧIогIа сакIамделира тхан цига даха. Амма, гондIара меттиг дика евзаш цахиларна, тIехIоьттинарг буьйса а хиларна, и лаам кхочушбойла ца хилира тхан.
Хьалхара буьйса чIогIа шийла еара (я тхуна хетара а хаац дуьххьара лаьмнашкахь долу дела). ШолгIачу дийнахь уггаре а хьалха, хи чохь долчу пийсиг хьокхучу лодкаший, пидалаш хьовзочу "катоморанкиний" тIеховшалуччул тIе а хевшина, Къоьзана Iома дехьарчу бердаца садоIуш болчарна тIедахара тхо, сийсара хаза молла кхайкхинарг вовзар Iалашо йолуш. Иза хиллера Хьиди-КIотарара баьхкинчаьрца, Дела реза хуьлда цунна (цуьнан цIе йицъяларна бехке ву со).
Шен хьеше довха куьг кховдош,
Вайнехан гIиллакх ду тоьлла.
Хьешаца ца хилла дов, дош,
Лийрина бехке ву аьлла.
Даиман беркат а хеташ,
Сан дайша лийрина хьаша.
Хьешана, шенна цIа кечдеш,
Я цунна ца кхоош кхача…
Нисса тхо ламазана тIе доьрзуш болу, къилбехьа агIор 800 метр лекха хир болу, шена тIехь хьала кхуьуш диттийн кондарш а йолуш (хьалха цу тIехь цкъа а ца хилла боху дитташ) сеналлица кхелина болу исбаьхьа хаза лам, бийца, цуьнан ма-дарра сурт хIотто басар карор а дацара. И хаза лам болу агIо хIинца а суьйлашца кхоччуш доза къастийна а яц, бохуш дуьйцура турбаза лаьттинчохь хехь волчу цхьана воккхачу стага...
Цкъа а дицлур дац суна оха цигахь самукъадолуш даьккхина кхо де-буьйса. Ткъа жималла а, могашалла, шегахь похIма дерг-м муххале а Iалур варий Даймахках лаьцна довха дош ца олуш? Iалур вацара, хьанора! Я со а ма ца Iавелира, цунах дага ца ваьлча.
Хьажахьа, вайдаха,
Хаза-м бу Даймохк!
Даим и хилла-те
Иштта хаза?
Дог хьостуш тIехьоькху
Юьхьдуьхьал бай мох,
Исбаьхьчу бошмаша
Доккху заза.
Буьйсанна батто шен
Нур хьоьрсу хьуна.
Малхо шен зIаьнаршца
Лийчабо хьо.
Илланчийн пондаран
Аз ду хьо суна.
Хьо безар марзонна
Сакъерало.
Хьан цIена хIо мелча,
ДегIехь ницкъ деба.
Шовданах къурд бича
Хьогалла йов.
Хьан стоьмийн хьурматех
Синош ца Iеба.
Хьан лаьмнийн догIа ду,
Ламанан бIов.
Хьовсийша, вайдаха,
Хаза-м бу Даймохк.
Даим а хилла бу
Иштта хаза!
Сил аьхна схьахьоькху
Юьхьдуьхьал байн мох.
Де-дийно кхин хаза
Доккху заза.
2-гIа дакъа
Лечкъош йина дера чевнаш,
Курра лаьтташ ду сан лаьмнаш
Сил-сил хилла юьйцуш хенаш
ГIаролехь ю царна бIаьвнаш…
Цул тIаьхьа елира шо гергга зама.
1999-чу шеран, аьхкенан юккъерчу баттахь, тхо юха а вовшахкхийтира лаьмнашка даха. Амма, хIинца кхечу агIор боьду некъ бара оха юьхьарлаьцнарг. Тхо, Дуби-Эвла тIехьа юьтуш, чудуьйлира Орган чIож мадду некъ беш. Кхечира Шуьйта, Итум-Кхалла, иштта Органца мел йолчу юьрта а. Дахара Нохчийн-Гуьржийн доза къаьстаче кхаччалц. Амма, садоIуш севцира дозанера масех километр лахахьа а девлла, цхьана ломах схьадуьйлучу шовдана йистехь. Толлура оха тхайна хазаделлачу лаьмнийн лакхенаш, кхача гIерташ церан баххьашка, дукха хьолахь и тхан лаам кхочуш хуьлура.
Цхьана дийнахь, цхьа лекха лам боккхуш, бIаьвнаш йолчу тхо хьала девлча, уггаре а лекхачу цхьана ломан бохь тIе йоьгIначу нохчийн байракхна тIе кхечира тхо. Иза хиллера Иорданера вайн махка хьошалгIа веанчу цхьана нохчийчо йоьгIна. Ткъа дехьо, хьалхалерчу заманахьлера кешнаш а дара, бIаьвнаш санна тIулгех доьттина, шайна чохь, шина а агIор терхеш а йолуш. Цу терхеш тIехь баккхийчийн а, берийн а нисъеш охьаехкина деллачу адамийн чалхаш а йолуш.
Бераллехь дуьйна хилла болу сан сатийсам кхочушхиллера. ХIинца суна сайл ирс долуш цхьа а ца хетара дуьненахь. Со сайн лаьмнех, Даймехкан лаьттах а воккхавеш, маьршша лаьттара. Хетара суо Даймехкан дега юккъехь байракх санна лаьтташ ву.
ХIинца ву-кх со сайн Даймахкахь хецна дош ала йиш йолуш. ХIунда аьлча, суна чIогIа беза вайн Даймохк, еза цуьнан исбаьхьа аренаш, цуьнан сийна хьаннаш, цуьнан нуьцкъала лаьмнаш, цуьнан хих дуьзна татолаш.
Цуьнан гIаланаш, ярташ, цу чохь мел деха миска адамаш. Цуьнан хIора маьIиг а, иза мел генахь елахь хьоме а гергара а ю суна.
Вайн Даймохк - иза Вайнехан сийлахь, боккха доьзал бу, керла а, ирсе а дахар хIоттош болу.
Эзарнаш миска адамаш леррина де-дийне мел долу, хьанал къахьоьгуш ду вайн лаьтта тIехь, и лелош, дерзош а.
ЦIена, сирла ду вайн Даймехкан хиш - хьостанаш. Лаьтта бухахь Iаьржа деши хиларца, чIогIа хьал долуш а бу, шена тIехь дIайийнарг кхуьуш, беркате а бу. Шена чохь дуккха а эвлияаш бахкийтина, Дала дика дина мохк бу вайн Даймохк.
Рицкъанаш мел генахь хилахь а, каш шена чохь хила хьакъ долуш бу иза. Кхузахь а кхо де-буьйса даьккхира оха. Лекхачу лаьмнийн Iалам а дара дийцина ца валлал исбаьхьа, хаза. Амма ойлано юха а хьаьвззий Къоьзана-Iам болчу вуьгура со. Дуьхьал хуьттура цигара исбаьхьа сурт. Лерехь лаьттара Хьиди-КIотарарчу жимачу стага хазачу мукъамехь ламазана кхойкху молла. Ткъа хIоккхехь, Органо чIуг етташ, чугIерташ санна, декадора шен чIогIа аз.
Свидетельство о публикации №112032508640