Бусалба сан Нохчийчоь

(Хатуев 1абдулхьамидан кхоллараллех лаьцна ойланаш)

Таханлерчу дийнахь со ч1ог1а цецволу, цхьаболчу наха шайна Хатуев 1абдулхьамид ца вевза аьлча. 1970-чу шарахь дуьйна цуьнан стихаш арайийлина къоначу поэтийн юкъарчу  гуларшкахь мел лаххара а уьттаза сов. Цу хенахь дуьйна вайн республикехь дика девзаш дара цо дешнаш даьхна долу "Со д1авоьду…", "Стиглара д1абайна седа", "Б1аьсте ер ю", "Со д1аваьлча, юрт ма елхае", дуккха кхидолу а иллеш. Бакъду, 1абдулхьамид ша дешан говзанча ву аьлла, нахана хьалха ша гайта г1ерташ, г1аравуьйлуш лелла вацахь а, цо хийла кхечу къоначу яздархошна, даима г1одеш гина суна.Цу хенахь, къаьсттина иза Шеларчу редакцехь болх беш волчу хенахь, яздан 1ама г1ерташ болчу кхечеран санна, сан а хилла цунна т1евахар, айса язйинчу байтийн мах хадабайта, ткъа 1абдулхьамида, ша мел сиха, х1уъа деш воллуш хиларх, шен болх саца а бой, к1еда-мерза вистхуьлий, ша дикачу лоьро санна, дог-ойла хьостий, х1окхунна т1е ца веанехь йиш а ма ца хилла олий хоьтуьйтуш, сан г1алаташ нисдарал сов, со нийсачу новкъа воккхура цо.
Иштта оццу шерашкахь, 1абдулхьамид болх беш волчу, х1етахь  "Коммунизман байракх" ц1е йолу газетан аг1онаш т1ехь, дуьххьара зорбане йийла юьйлира сан стихаш. Оцунна бехке вара Хатуев. Ас и х1унда боху хьуна аьлча, иза сайна вовззалц кхечу меттехь, сайн стихаш араяха г1оналлин куьг кховдийнарг сайна ца ваьлла дела, 1абдулхьамида дог-ойла айина, сайн кхоллараллехь мелла а алссам къахьега волавелира со. Ас даггара баркалла боху цунна, эшначохь куьг кховдийна, со цхьаллехь тесна ца витарна.
Таханлерчу дийнахь 1абдулхьамидан книга ара яьлла суна ч1ог1а хазахета, иза х1инцале масех книгийн автор хила хьакъ долуш хилар т1еч1аг1до ас. Кхин х1умма ца дийцича а, оццул к1езиг яздечу сан а хилча 3-4 книга арахеццал произведенеш, бакъду сан-м бакъо дера яцара 1абдулхьамидан а, и санна болчу кхечу а яздархойн кхоччуш книгаш араевлча бен дош ала.
Оьрсийн олуш ду-кх цхьа дешнаш "ша болабелла", цунна дайна со тешна ву Хатуевн кхоллараллин некъ мелла а шуьйра хирг хиларан а, цунна эшначохь массо а накъост а хилла, Дала цуьнан аьтту бийриг хиларх а. Кхин х1умма ца хилча а, и книга д1айолалуш яздина долу цхьа илли а, "Бусалба сан Нохчийчоь" ц1е йолу, тоьар дара Хатуевн хат1 довза. Иза-х дарий, Нохчийчохь нахана уггаре оьшучохь юкъадаьлла, къоман гимн санна декаш, нехан г1елъелла дог-ойла денъеш, ир-кара х1оттош хилла долу.
Хатуевн книгин юьхь д1айолалуш далийна, ч1ог1а нийса аьлла дешнаш ду: "Ткъе итт шо хьалха кхоьллина и дешнаш тахана аьлча санна хета, дуьне ма-дду д1асаоьху вайнах дагалаьцча.

Чоийца ара ца валарх,
Ца тилларх холхазан куй,
Нохчо вац суна ма ала,
Хаалаш, со нохчо вуй!

Советан уггаре а луьрачу шерашкахь яздина и мог1анаш, нохчий ду шаьш бохуш, йорах байракхаш лестош, баккхийчу хьаькамийн шийлачу не1саг1е а х1уьттуш хьийзачу "поэтийн" 1аьнарх тера дац. Х1етахь, баккъалла, нохчо хила хала дара. Хала дара Кадыров Рамзан Президент х1отталц. Х1етахь кхечу къаьмнийн паспорташ а дохуьйтуш, Вахех - Володяй, 1елех - Аликкий, Маликах - Максиммий хуьлуш, шайн къомах къихкинарш а бу вайна юкъахь. Х1етахь вайна хезна ду цхьаболчара "Суо нохчо хиларх эхь хета суна"…
Дала даржехь лакхавоккхийла вайн Президент Кадыров Рамзан, нохчийн маттах цабаьшначу  нахе а т1ехь, и бийцийтина ца 1аш, нохчийн мотт хестабойтуш волу.
Кхузахь муха дагадог1ур дац Делан дош, адамаша пусар ца деш, сийсаза даьккхинчу дикачу х1уманан сий дойтур ма ду ша аьлла долу! Бакъду, тахана уггаре ч1ог1а мохь бетташ нохчийн мотт хесто арабевллачу цхьаболчу наха, кхана, зама хийцалахь, таханлерачу шовкъаца нажжаз а-м бан тарло и. Цундела керлабевллачу патриоташа эккхийтинчу ченан к1уьрана юьстахбевлла, чан охьайижжалц, собар деш, хьоьжуш 1аш бу цхьаболу яздархой.
Хатуев 1абдулхьамид бахамна т1аьхьахьаьдда, сададийна лелаш стаг вац. Цунна хаьа ша дуьненчу цхьана ханна бен веана воцийла, д1а мел вахнарг санна, ша а д1аг1ур волуш вуйла, х1окху харц дуьненара. Цунна тоьшалла до кху дешнаша:

Б1аьсте ер ю, дуьне хазлур ду,
Стигла кхийдаш, делалур ду лаьмнаш,
Со д1авоьдуш ас х1ун дуьтур ду,
Сайна т1ехула т1аьххьар лесташ гаьннаш?

И дешнаш т1еч1аг1деш, юха а яздо цо:

Стиглара д1абайна седа,
Лаьмнашкахь охьабуьйжи сай…
Вайн дахар ма доца хета
И дуьтуш лийр ду те вай?

Зазашлахь схьакхечи б1аьсте,
Аренаш сеналлехь яйн,
Иллица ас безам хастий -
И буьтуш лийр ду те вай?

Дуккха а шерашкахь 1абдулхьамидаца цхьаьна бертахь болх бина волчу Россин яздархойн Бартан декъашхочо Уциев Абус а яздо: "Классикан лакхарчу лехамашна жоп луш долу и мог1анаш, соьга хаьттича, вайн дахар хестош йолу къоналлин гимн ю. Иза иштта хилар замано гайта а гайтира. Амма цу хенахь коммунистически идеологин рупор хиллачу "Ленинан некъ" газето бехке вира 1абдулхьамид шена гонаха долу сирла, хаза, токхе дахар ца гуш, цуьнан сийлаллин пусар ца деш, нах эхарта кхойкхуш ву аьлла. Мел харц белахь а, иштта бехк велла д1аваллалц шена кочахь лело безаш бара поэт х1етахь. Эрна дара оцу заманчохь бехказвийлар. Хьайгара даьллачу г1алатна мук1арло дина, сакхт гучудаьккхинчу накъосташна баркалла аьлла, сихха харц новкъара д1а а ваьлла, нисвала везаш вара поэт".
 Хатуев 1абдулхьамидан муьлхха а байт схьаэцча еша а, кхета а атта хиларал а сов, шен чулацам к1орга болуш а, говзачу басаршца сурт х1оттийна а, нехан дагчу а хьаьжна язйича санна, массеран а дагах кхеташ, шатайпа васт долуш хуьлу:

Хьан аренийн
Хелиг ду со,
Хьан аьрзунийн
Пиллиг ду со,
Хьан син х1ордан
Т1адам бу со,
Ахь декъалвахь,
Адам ду со!

Хьовсийша, мел хаза аьлла цо Даймахке: "Ахь декъалвахь, адам ду со!" Хьан аьлла иштта хаза Нохчийчоьнах лаьцна? Цунах ма олу бакъйолу поэзи, халкъо т1елоцуш йолу дела.
Тхо дуккху дара Шеларчу газетехь вовшахтоьхна йолчу къоначу яздархойн цхьаьнакхетаралле лелаш хилла кегийрхой: Цоккуев 1илмади, Саидов Сайд-Селим, Магомадов Мовлади, Юсупов Сайд-1али, Баиев 1усман, Такалашов Султан, Цураева Хеда, Талхигова Бирлант, Закаева Фариза, Совнукаева Бирлант,Элдарханова Зайнап.
Царах цхьаберш д1абевлла, тахана вайна юккъехь бац (Дала гечдойла царна а, т1едахаза ца довлуш долчу вайна а), биснарш дахарехь шайн хьакъ йолу меттигаш д1алаьцна, тайп-тайпанчу меттигашкахь хьанал къахьоьгуш бу. Х1ун пайда белира тхуна Шеларчу редакцехь хиллачу кхоллараллин цхьаьнакхетараллех?
Тхуна массарна а бийца нохчийн мотт а 1емира, вайн халкъан исторех, культурех безам бахара. Нохчийн къоман кхиарехь цунна хьалха лаьтташ йолчу проблемех кхийтира.
Стихаш Делера ю. Мелла хьекъал долчу хьехархочуьнга а 1амавалур вац Дала белла суй боцу стаг стихаш язъян.
Со ца г1ерта Хатуев 1абдулхьамида тхайх поэташ дина ала.Цо динарг суна кхин а мехала хета. Тхо массо а граждански позици хила 1амор, мел къаьхьа делахь а, бакъдерг дийца а, язда а тхуна т1едожор, халчу деношкахь халкъ д1атаса мегарг цахилар, х1инца тахана хьалакхуьучу т1аьхьене хьоьжуш ойла йо ас. Мел оьзда а, иманехь а кхуьуш бу цхьаболу кегийрхой, мел ц1армат а маьттаза бевлла кхиберш. Г1иллакхах-г1уллакхах вохар стаг валар ду аьлла хета суна. Вайн Президенто т1екхуьуш йолу т1аьхье ийманехь кхиае аьлча, цхьаболчу хьаькамашна моьтту и 1алашо мехкаршка йовлакхаш тахкийтичхьана кхочуш хуьлуш ю. Царал а хьалха божарий бу нисбала безаш берш. Уьш нислахь, мехкарий а хир бу иман долуш.
Оцу ойланаша дагайоуьйту Хатуевн "Къонах" ц1е йолу цхьа стихотворени:

Дика ц1е тилларх
Кхуьуш вац къонах,
Нагахь и дог дика
Ца хьежахь гонах -
Дорцашка огуьйтуш
Шен деган г1айракх,
Цо лакха ца ийбахь,
Стогаллин байракх!

И стихотворени язйина мел хан яьллехь а, цу т1ехь авторо йостуш ерш таханлера проблемаш ю.
Школехь хьехархо болх беш суо хиларе терра, суна мелла а гергара девза таханлерчу берийн г1иллакхаш. Г1иллакхаш аьлча-м нийса а дера хир дацара иза. 1аламат г1иллакх доцуш т1аьхье ю вайн хьалакхуьуш. И дерриге гуш волчу сан, хийла ойла хилла: "Ванах, х1окху берашка суо талхавойтучул, х1ара болх 1ад х1унда цабуьту техьа ас…" - олий. Амма, юха а дохко волий, ойла йо ас, шайн дайша-наноша д1атесна болу х1орш, ас а д1атасахь кхарех х1ун хир ду техьа? Х1ара ма ю вайн кханалера т1аьхье. Х1орш а ма бу шайн заманахь белхалочунна т1ера, паччахьан бист кхаччалц цхьацца даржашкахь хилабезаш берш а. Х1окхарех доьзна ма ду, шайн заманахь нохчийн ц1е ларъяр, Даймехкан сий дар, малха т1е некъ беш, лакхенаш йовзар, ткъа и г1иллакх-г1уллакх бохург х1окхарна генахь хилча, х1ун хир ду техьа вайн сийлахьчу Даймахках? - олий, сингаттамо дог делхадо сан. Х1унда бу вайн дай-наной иштта бен доцуш, шайн доьзалийн дай боцуш? Мича дахана вайн берийн иман? Х1ора дийнахь хьехархоша шайна беш болу хьехам схьа х1унда ца лоцу цара? Я, дайша-наноша шайн доьзалехь беш болу хьехамаш к1ордор ду и? Я, и дай-наной а бу-кх шайна хьехам бар оьшуш. Ца хилча, 11-чу классе кхаччалц хьаладевлла къанделла бераш, шайна и мел дехкарх а, урокехь сег1аз 1уьйшуш, бежнаш санна нох дохуш хуьлу, я шайга г1овг1а ма е бохург х1ун ду а ца хаьа, уьн т1е цхьаъ яздан ахь букъ берзийча-м муххале а. Кхузахь ала дог1ура "цхьаберш боцурш…", амма, и цхьаберш а иманехь нисбала эхь хеташ бу иман доцчу шайн накъостех. Цундела диканиг, вониг а къесто йиш йоцуш, дог делхош, мел дийци а, вониг алсам долу-кх. Цундела тахана вай дай-наношна т1ера дуьйна охьа массо нисдала дезаш ду-кх. Паччахьо Рамзана нисдаре а ца хьоьжуш. Иза вер вуй те даима вайна лергах мехий даьхна? Вай ма ду цуьнан ден хенара нах. Доцца аьлча, вешан доьзалшна паччахьаш ма ду вай. Бакъду, оцу проблемашка бен доцуш хьоьжуш берш а-м дера карабо хьуна гонах. Мел халахеташ делахь а, иштта ду-кх и. Дала нисдойла вай нийсачу новкъахь!
Мел чолхе ду хьо дахар. Мискачун дог 1ийжош, лалац-кха даге…
Цхьаболчу яздархойн дахар тергал деш ас зийна, церан яздеш дерг а, деш дерг а цхьаьнадог1уш цахилар. "Хьо ларбеш лела со, Даймохк!" - бохуш, яздина хийла поэташ богучу Даймахках уьдуш гина суна. "Сан седа бу хьо", - бохуш, мехкарий хестийна поэташ, оккхало а эцна зударийн коча оьхуш а гина суна. Олуш дерг, деш дерг цхьаъ хилча бен хуьлуш вац бакъволу поэт.
Х1етахь со, 1984-чу шарахь, Устрада-Эвларчу "АКСМ и СИ" ц1е йолчу заводехь, говзанчан болх беш вара. Белхан план т1ехкхочушъян т1елацам бинчу буьйсанна, сменехь, со белхалошна г1одан дагахь улло ваьлча, ц1еххьана бохам хилира. Чов хилла со сихха больнице кхачо дийзира. Лоьрийн бен дацаралла бахьанехь сан чов юххьа елира, сан кеггийначу п1елгашна юкъара цхьа п1елг д1абаккха дийзира. Дуккха хьаькамийн не1саг1ошна т1ехула леларх, суна нийсо ца карийра. Массара а бехке веш верг со вара. Цу хенахь сох кхеттарг а, суна орцах ваьлларг а цхьа Хатуев 1абдулхьамид бен вацара. Х1етахь СССР-н Союзан журналистийн декъашхо волчу цо, соьгахьа г1одоккхуш язйина статья бахьанехь нийсо туьйлира. Бехке болчу лоьрашна та1зар дира.Дукха бацара цу хенахь а, тахана а санна, бакъдерг дийца баьхьарш.
Хатуев поэт хилла ца 1а. Дечиг т1ехь чхо йоккхуш, йоьза т1ехь варкъ доккхуш, басаршца цо дехкина суьрташ а дукха гина суна. Цуьнан кхолларалла йовза луучунна а ас хьоьхур дара Интернет чохь долу цуьнан сайтан адрес: WWW.Iam.jino-net.ru
Хьажал, мел ч1ог1а дагах кхеташ ду "И сан Даймохк болу дела" аьлла йолчу цуьнан стихотворени т1ера х1ара дешнаш:

Со Г1ум-Азехь вина хиларх,
Беран шераш цигахь тиларх,
Лам чохь вина бохуш лела,
И сан Даймохк болу дела.

Халкъ махках даьккхина, Даймахкана генахь, Сибрех 13 шарахь мел винчунна а дог1уш хета и дешнаш.

Со, хан уьдуш, некъах тилахь,
Пана махкахь 1ожал хилахь,
Ала суна лам чохь велла,
И сан Даймохк болу дела.

37 шо хьалха яздина и мог1анаш, тахана яздича санна дека.
Дуьне ма-дду д1асабаьржинчу нохчашка, ц1а боьхуш, бетта мохь санна хета суна и дешнаш.
Тахана шайн дег1ана хуьлучу аьттонах шайн латта хийцина болчу нахана беш хьехам а бу иза поэтан: "Сиха чекхдолу дахар. Кхана къежделла букар дахча дагадог1ур ду шуна лаьмнаш. Амма т1аьхьа хир ду".
 Кхин цхьа х1ума а диц ца ло суна, 1абдулхьамида дина долу. И дара 1986-чу шеран 18-чу майхь. Со волчу а веана: "Сихха 500 мог1а кечбе, юкъараллин гулар т1е зорбане баккха…" - аьлла, сихвина стихаш эцна, со книжни издательстве хьажийра цо. (Иштта со санна Цоккуев 1илмади а хьажийна хиллера цо.) Д1акхаьчча, юкъараллин гулар-м вовшахтоьхна яьлла хиллера. Амма, х1етахь издательсвехь редактор хиллачу Ахмадов Мусас д1анисдира г1уллакх. Мусан багара девлла дешнаш х1орш дара: "…Пхьарматхой-м хьаха бац тесна бита йиш йолуш". Тхо т1аьхьадисинчарна, цхьанна бог1у меттиг шинна а боькъуш, "Сатасаран сахьт" ц1е йолчу гуларехь зорбане ехира цо тхан стихаш. Дан а дара тхо "Пхьарматхой" Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан Университетехь вовшахтоьхна йолчу "ТОМ-н" жигара  декъашхой, поэзица гергарло хиларна. 1975-чу шарахь дуьйна вовшийн девзаш а, лоруш а дара тхо. Ала дашна а доцуш, тхуна юккъехь уггаре а семаниг вара Ахмадов Муса. Ткъа ша мел язйина произведени, и мел еха, йоккха хиларх, хецна, кхин гал а ца волуш, дагахь схьаюьйцуш волчу Бисултанов Аптис-м кхин а ч1ог1а цецдохура тхо, шегара пох1ма довзуьйтуш. Цу хенахь тхан куьйгалхо хилла волу Шайхиев 1алвади, дублер а хуьлий, тхоьца цхьаьна парти т1ехь ладоьг1уш 1ара, оха тхешан произведенеш, йийцаре еш, йоьшучу хенахь.   
Со дуьххьара "Пхьармате" вигнарг а ма вара Хатуев 1абдулхьамид.
Мел дийцарх чаккхе хир йоцуш ду сан Хатуевх лаьцна дийца, делахь а, сайн къамел, оцу книгана юьхь язйина волчу Уциев Абун дешнашца дерзон лаьа суна, х1унда аьлча Абуна санна суна а, и мел хезначунна а  цунах боккха там хилла хиларна: "Суна доккха дозалла хийтира  Москох Росси концертни залехь оьрсийн гоьваьллачу иллиалархочо Юлиана Хатуев 1абдулхьамида даьккхина илли ц1енчу нохчийн маттахь д1аолуш хазар:

Вайн дегнех кхерсташ ю алу,
Вайн ирсан дайъина доь,
Ларйойла хьо Везчу Дала,
Бусалба сан Нохчийчоь.
Лаилах1а иллаллах1,
Бусалба сан Нохчийчоь!..

- Шун мотт иллин мотт бу, - элира оцу дешнашка соьца цхьаьна ладоьг1учу цхьана оьрсийчо.
Дика хир дара цо санна дикчу дешнийн а, буьйцучу меттан а, хазачу ойланийн а вайна ваьшна пусар дан хиъча.
Нохчийн меттан сий дайта лууш верг, байракхаш лестош, митингаш еш, иза юкъара д1аболуш бу бохуш, мохь-орца дохуш, хамза ваьлла лела ца веза. Мелххо а шен хьекъалца, шен оьздангаллица, шен дешан говзаллица Хатуев 1абдулхьамид санна, оцу меттан сийлалла ойуш хила веза"…
Г1оза йоьшийла аша Хатуевн "Бусалба сан Нохчийчоь" - ц1е йолу хьекъале книга.


Рецензии