Йицъян йиш йоцу истори
1944 шо. 23 февраль. Оцу дийнахь нохчийн къомана йира йоьрзур йоцу чов. Исторехь дицдан йиш йоцург ду и.
Цу буьрсачу 1аьнан дийнахь харцонца шайн махках даьккхира нохчийн, г1алг1айн кхин а цхьадолу къаьмнаш.
Вайн нахана т1ехь лелийна къизалла.
Харцо йиц лур яц мел шераш д1аэхарх.
Бежнаш санна, товарни вагонаш чу а доьхкина, дуьгу меттиг хууш йоцуш, новкъаделира цу доьхначу дийнахь вайн жима халкъ.
Амма церан некъ хиллера Сийначу Сибрех боьдуш берг.
Инзаречу гаттехь цхьана баттахь гергга ц1ерпоштан товарни вагонаш чохь, шайн лаамехь доцуш, бинчу бехачу некъо г1елдинера адам.
К1адделла, г1елделла, тишделла адам. Мацалла, шелонна доьлхучу берийн маьхьарий, цомгашчеран узарш. Ца бевза хийра мохк, цигарчу къоман ца хуу мотт. Хийла вовшах хаьдда йиша-ваша дара. Мичахь бу те уьш? Х1ун хилла-те царах? Я шайх хиндерг а ца хааро г1айг1ане дожийнера адам.
Сибрех дигар, вайн дайша-наноша лайна баланаш а суна гина дац.
Амма суна дуьйцуш хезнера:
«Юткъа шок етташ, лай т1ера схьахьоькху шийла мох хьакхабелла меже шелонца морцуш, к1ад ца луш, массо маь11ехула кхерстара. Адамийн дегнаш т1е цхьа беза сингаттам туьйсуш, маьхьарий хьоькхура, йочанийн кхаъ кхайкхош, дерзинчу дитташ т1ехула хьийзачу къийгаша…»
«Гур буй-те юха Даймохк? Гур дуй-те кхин нохчийн лаьмнаш, шовданаш, хьаннаш, ярташ? Гур дуй-те нохчийн маттахь газет, книга… хезар дуй-те радиочухула ненан маттахь къамел?» – бохуш, хийлаза г1ийла ойланаш йинера мискачу наха.
Бакъду, нохчашка юха а боьссира и бала, карладелира 1944 шо. Юха а даьхкира исторехь дицдан йиш йоцу денош. Дийзира юьхьарберзо х1етахьлера некъ. Ирча еара и чолхе зама. Т1амо пусар доцуш, хийла доцург т1ехь а кхоьллина, хийла нохчо, ша винчу меттигах хаьдда, Даймахках къаьстина лийлира дуьне ма-дду.
«Къам доцург къонаха вац, шен бийца къонахий боцург къам дац», – олуш ду вайн дайша.
Вайн нохчийн къам ч1ог1а доьналла долуш ду, майра ду, оьзда ду. Къонахалла собарца хуьлуш ю, собар ийманца ду.
Мацалло хьовзийча, ца воьхна нохчо.
Къизалло к1елвитча, гора ца вахна.
Дех-ненах д1ахаьдча, велха ца вилхина,
Луьрачу паналлехь – Даймохк ца бицбина.
Нохчочун дог ша къонахчун дог хиларе терра, даима шен Даймехкан лаьттаца ду. Вайн къам т1амо махках даьккхинчу муьрехь кхечу махкахь зама йоккхуш, вайна х1оранна а буьйсанна г1енах гора вайн лаьмнаш, шовданаш, жимчохь левзина урамаш.
Иштта деза кхоьллина ду-кх дай баьхна латта. Цундела ду-кх иза вайн исторехь дицдан йиш йоцург. Нохчийчохь массо а дийнахь алсамдуьйлуш, дебна кешнийн баьрзнаш. Зенаш дина т1амо. Вайн дегнашна йина ца 1аш, лаьмнашна а йина т1амо дера чевнаш. Мостаг1аша кхоамза хьешна, бохийна вайн мохк. Иза дицдан йиш йоцург делахь а, вайн нанойн, берийн дегнашкахь мекха ца йисийта г1ерташ, цу дегнаш чу къизалла ца йоссийтархьама, массо адамашца бертахь даха берашна 1амор – коьрта 1алашо йолуш бу хьехархой. Ткъа иза вайн исторехь дицдан йиш йоцург хилар, и санначух вайн къам лардархьама ду, цхьаъа т1ом я вон х1ума вайн къомана оьшуш цахилар ду.
Т1еман бала ма дог 1ийжош сийса,
Хийла 1еткъаш ахь со вожаво.
Сан ницкъ кхачац ойла хьоьца къийса,
Хьан къизалла даге лан ца ло.
Дуккха а харцонаш, бохамаш лайна вайн къомо, сингаттам совбуьйлуш, баланаш базлуш, чевнаш ца йоьрзуш схьадеана къам.
Вайна оьшура машар, барт, вовшех дашар, г1ийлачуьнга къинхетамца хьажар.
Цу Везчу Дала вайн дайша, дедайша лайначу баланах вайн къам лардеш, дог 1овжош деана вуо дайдеш, г1алатло ваьшкара ца ялийтархьама и саннарг иэсехь латтош, ирсе йог1ийла вайна т1е мел йог1у зама.
Д1аоьхур ду маьлхан денош, хийцалур ю зама, амма дуьсур ду къам, дуьсур ду цу къоман дика мел дерг, хаза г1иллакх, хьанал къинхьегам, ларам, оьздангалла.
Дукха ду-кх, вайн жимчу къомана дахаро гайтина, исторехь дицдан йиш йоцу х1уманаш.
Кхин т1е йог1учу заманахь Дала шен къинхетамах ма дохийла вай.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн! Амин, тхо кхоьллина къинхетаме Везан Дела.
Свидетельство о публикации №112032508319