Дицлур дац и денош
Хийла доьзалхо дех, ненах къаьстина цу дийнахь, луларчу ярташка шайн гергарчаьрга хьошалг1а баханчохь хаьдда уьш вовшах. Даьхний лело кечйинчу вагонашкахь шаьш гена Сибрех д1адуьгуш, мацалла доьлхуш кегий бераш, баккхийчу наха цу берийн наношка олура: «Х1уъа дай д1атедайша и бераш», -олий, амма шайна яах1ума йоцуш, мацалло г1елбинчу нанойн г1аддайнера, цу берийн кийра бузо ницкъ ца кхачарна. Шайн дагахь дерг ма-дарра д1аала баккхийчарах эхь-бехк лоьцура цара. Мел хала киртиг т1ех1оьттича а вайнехан г1иллакхах, оьздангаллах хер ца лора нохчийн зударий. Мел ч1ог1а шайна хало т1ех1оттарх шайн дагара ца хоуьйтуш, хийла шайн хьаштана садетташ эшелон сацаре дог дохура цара. Шаьш севцначохь ламаз эца аьлла охьавоьссинарг хийла буха вуьсуш, хеназчу 1ожалло вовшах къастийна эшелон д1айолаелча, вагона к1елхьара хьалавала ца кхиавелла, ч1ургаша хьоший, ц1ерпоштан некъахь вуьсуш. Цу бехачу некъаца мацаллий, шелонний белларш, ц1ерпошта сецча, вагонашна т1ера лайла охьабохкуш, церан декъий лайлахь къайладохуш хилла.
Нохчий т1ебуьгуш, бухахь бехаш болчу бахархошна цхьа эладита хазийна хиллера: «Шуна т1е далош цхьа акха, адамаш а дууш, къам ду аьлла…». Амма шайна хезнарг бакъ доцийла а, уьш миска нах хилар а, шаьш санна адамаш дуйла хиира казахашна, г1ирг1азошна а, г1ийла, миска, шайн бенах боьхна, адамаш гича. Цара нохчийн къам т1елецира, делахь а, вовшех эхь хетташехь, стаг верг, зуда ерг берашца, мардай, несарий цхьаьний д1атарбала дийзира церан. Хьалхарчу шарахь шайга хьаьжк1аш д1ае аьлча, хьаьжк1аш д1айийна ца хилла цара шаьш цигахь кхин дукха хан йоккхур яц моттарца, цундела шеран рицкъанах хаьдда, и бахьана долуш ч1ог1а хала деана царна шолг1а шо. Дебба буо-бераш, хеназа кхелхина церан синош, шайна т1ехь цхьа а къинош доццушехь. Шайгарчу доьналлех ца боха г1ерташ, халонна садетташ, Делан диканах дог ца дуьллура чохь садолчара.
Дог1машка лан ца луш, шийла яра. Меца дара адам. Шелонна а, мацаллийна а г1аддайнера церан. Шелонна т1етаса х1ума йоцуш, ча т1етосура цара. Иштта яккхийра халонаш, баланаш лайна вайн дайша, наноша, юьртара юьрта баха а бакъо йоцуш, хийла велларг д1авуллура хьарчо марчо доцуш, ур-аттала кхоччуш каш даккха ницкъ а ца кхочура. Адамийн г1ора дайнера. Шегахь жимма а г1ора дерг, дег1ехь ницкъ берг а кхача лаха араволура. Даймохк дагара ца болура. Уьш сингаттамехь бара. Амма вайн Даймехкан лаьмнаш лаьттина, шайн баххьаш стигала оьхьуш, мехкан дай, зен-зулам доцуш, Даймахка ц1аберзабар Деле доьхуш. Иштта 1адийна лаьттина кавказан лаьмнаш, шайн дег1аца йолу чевнаш хьул а йина. Аьрцнашца тихкина бохь лекха хьаннаш, олхазарийн эшаршка ладег1ар доцуш. Цу хенахь генарчу хийрачу махкахь, Сибрех 1ожалло каетташ къайлах. Даймахках къаьстина, байлахь, мацалло г1елбина, ялтийн меттана буц юуш. Шайн доьзалийн дай боцуш, Даймахке юханехьа дахка сатуьйсуш. Шайн Даймохк дагара ца болуш лийлира уьш, балучо болх беш, ечо х1усам еш, кхойтта шаре бахбелира нохчийн халкъ зуьш беана мур.
Эххар а ц1адахка шайна бакъо елча, дукха хазахетар совдаьлла цхьаболчара ц1енош д1адоьхкиний, вукхара ца духкуш а шайн хьомечу Даймахка Делан пурбанца ц1абирзира нохчий.
Нохчий ц1ера арабаьхна яьккхина хан, лайна баланаш а, исторехь дицдан йиш йоцург ду. Дала гечдойла цигахь д1а мел кхелхинчунна а, Дала декъала бойла уьш. И санна ирча денош кхин цкъа а т1е ма дог1ийла нохчийн къомана.
Даймахкана ша мел генахь хиларх, нохчочун дог шен Даймехкан латтаца детталуш хилла. Вайн къам махкахдаьккхинчу муьрехь, кхечу махкахь зама йоккхуш, х1оранна а г1енах гуш хилла нохчийн лаьмнаш, шийла шовданаш, шаьш берахь когаш1уьйра ловзуш идда урамаш.
«Я Рабби, тхан Дела, хьо хилла-кх, таханлера тхан де ирсе гуш верг. Тхуна дика д1адиллина 1ийнарг комаьрша тхан Эла, тхоьгарчу собарна ял луш, тхуна диканаш яздеш, тхох къинхетам бина тхан Везан Дела. Тхан дегнаш дара даима хьоьгарчу марзонах дуьзна. Хьо вар-кха тхан дегнаш токх динарг, ирсечу кханенах тхо тешийнарг. Амма тхо мел дахарх махкана гена, кхолламо леладарх Даймахках хердина, х1ай Дела, хьо вара тхоьца, тобадар тхан дара хьоьца. Тхо бусалба Ахь кхолларна, хастам бу Хьуна. Хьан г1ийла лайш ду тхо, реза ду Ахь динначунна. Ахь динарг дохо вац дуьненахь цхьа а».
Ишттачу ойланца баьхна вайн дай. Къаноша дуьйцура и ирча шераш. 1ийжамца дуьйцура шайна мел дайнарш. Хала ду цаьрга ладег1а, и б1аьрга гиначун 1ийжам бу. Сан-м царах дог лозу. Со церан ойланца геналле вуссу. Вайн лаьмнийн ц1ена х1о ца 1ебаш муьйлу. Вайн стоьмийн бошмашкахь б1аьстено хьоьсту. Зезагийн майданаш дуьхьала х1уьтту. Дог 1абош шовданаш, сирла хиш муьйлу. Сан Даймохк хьан букъ т1ехь сапарг1ат хуьлу.
«Дедайша мел лайнарг дицдийр дац оха. Баланех тхо лардар доьхуш ду Хьоьга. Маьршачу дахарехь даха ницкъ лолахь. Тхан волле ца хьожуш, къинхетам белахь. Дайша сатийсина тхан т1аьхье беркате елахь. Хьох тешна ду-кха тхо, я Рабби Дела».
Свидетельство о публикации №112032508288