Со ишта еха

Со иштта еха..
Мел догIучу денца,
Ирс алсам дуьйлуш.
Цхьалха гIа санна,
ДогIано шен мара къуьйлу.
КIажарш тIехь хазаллин дети,
Шераша хьекъалца эдо.
Со иштта еха..
Мел догIучу денца
Хастам сов буьйлуш.
Кхолламан экамчу совгIато
Йитина тача.
Аналлин неIсагIехь евзина,
Дуьненан хьаша.
Со ишта еха..


Рецензии
дуьнен хьейшим дер бер вай..
хаз байт ю, Tамия.
баркалла.

Дашо Аргунская   13.03.2012 00:40     Заявить о нарушении
рада тебя видеть)

Марти Тамия   13.03.2012 01:43   Заявить о нарушении