Евзарий техьа?

ЦIерпошта казахийн арахь
Лаьхьанах дIакъайлайолуш,
Вокзалан майданахь тIараш
Тухур ду, хелхарш дIадолош…

Кхаъ бекъа – дийна цIаварах –
ХIоттийна ловзар дIадаьлча,
Буьйса а йитина арахь,
ЙоI-наний схьачоьхьаяьлча,

ЙоI хьуна евзарий техьа? –
Беснеш тIе бIаьрхиш а Iенаш,
Лаьтта и семачу эхьо
Сецор ю букъ тIехьа ненан.

Дакъаза яла хьо, херо!..
Доьзало хийрачу арахь
Кхойтта шо доккхуш, ахь гIело
Лайнера набахтин кIарахь.

Цул беза хьан хорам байбан,
Къора чоь сама а йоккхуш,
– Бер хьалакхиина вайн, стаг, –
Аьр хьоьга, йоI хьалхайоккхуш.


Рецензии
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.