Цкъа ганза сарташ иэсанехь дохкуш

Цкъа ганза сарташ иэсанехь дохкуш,
Ойланаш йийсаре хилла.
Мел гинчу гIенах и сибат лоьхуш,
Г1аларте хьежарна хийла..

Шалхонаш листа кхин бахьнаш ца оьшу,
Гуьйренаш лайначу сина.
Тховса кху буьйсано т1аьххьара доьшу,
Йозанаш хиллачух ийна..

Бух боцчу 1инчохь хьулдина дог
Саде1ар тийналло лаццал,
Б1аьрзечу кханалле баькхина ког,
Кхолламо т1емаш д1а хецна..


Рецензии
как ты умудряешься находить такие неожиданный , удивительные образы.
Восхищает!

Дашо Аргунская   10.02.2012 19:10     Заявить о нарушении
баркаллах1 Дашо, ты зашла и я смогла зайти)

Марти Тамия   11.02.2012 02:34   Заявить о нарушении