Сатуьйсу на чеченском
Къастина лела вай.
...Сатуьйсу, -
Хьо варе, хьо гаре.
Дагна - м хьо гуттар
Уллохь ма веха,
Амма ахь хьеста
Марзлелла долу
Къастар лан
Сов - хала ду цунна.
И Iехош -техкош
Хан - зама токхуш,
Вай безамах йоккхаеш,
Ларбеш ма хуьллу,
Со еха сатуьйсуш -
Сатуьйсуш хьоьга.
Свидетельство о публикации №112013111299