Ирсан вальс
Хьомениг,
Хьо бен, кхин
даг чохь яц,
Суьйренца цхьа висча, муххале.
Ирсан вальс,
ирсан вальс,
ирсан вальс
Йисна вайн гIайгIанийн мукъамехь.
Догура
тохара
эсала
Хийла со хьистина хьан бIаьргаш –
И суна мел чIогIа дезара,
Амма и дIадаьлла, дIадаьлла…
Суьйренаш,
Туьйранех
таръелла,
ДIаяхарх ца йицло,
ца йицло…
Цу денойн мукъамаш марзбелла,
Сан деган мукъамца дIанисло.
Дахар-яI,
Бахарх я
сатийсарх,
Лууш дерг нислуш дац даима,
Йиш елахь, гечделахь сан къина –
Ас хьоьга сатийсарш дагийна.
Тахана цхьаъ
Хир бу кхаъ
сийлахьа,
Ас йина яцахь хьан дагна вас…
Яржахьа, тIома а йийлахьа,
Ирсан вальс, ирсан вальс, ирсан вальс
1985
Свидетельство о публикации №112011909807
Диканца дахар хулда хьан.
Ларамца.
Зура Итсмиолорд 27.01.2012 02:24 Заявить о нарушении