Синкъерамехь
Собардел, накъостий, сацабел пондар а,
Ас шуьга ладоьгIуш дикка хан яьккхи.
Сан ала лууш а цхьа масех дош дара,
Делахь а тхьамдано меттиг ца баьккхи.
Цундела, доццушехь тхьамданан пурбанца,
Дехар ду ладогIа ас бохучуьнга:
Хьаша вайн лоруш ду, делахь а луш дац-кха
Вай юьртан гIиллакхехь тхьамдалла цуьнга.
Варий, сан накъостий, шу нийса кхеталаш,
Вайн Делор, ца бах ас волуш догъIаьржа.
Вайн юьртахь синкъерам дIакхоьхьу некъаш а
Ца девза и тхьамда аш хIунда хаьржи?
Юха а боху ас, хьагI лело дагца сайн
Яц соьга тхьамдано яйтина харж а,
Ас боху, накъостий, ма довла дакъаза,
Цкъа тIаьхьа доцчуьра тхьамда кхин харжа.
II
Горлера тхьамда-яI, горлера,
Эшарехь ловзу ког гоьла тIера.
Тхьамдаллех хьо-м дика воьллера,
Хабарна жерочул тоьллера,
Делахь а, хьоьга сан дехар ду,
И кхочушдан хьо а декхар ву:
Човс дукха ледар ву-кх тховса хьан,
Кхечуьнга лохьа и човсалла.
Цо атта хелха ца воккху,
ЙоIера дош а ца доккху,
Цо хIиттош ву хьо юьхьIаьржа,
И дерриг хьох а ма хьаьрча.
Горлера тхьамда-яI, горлера,
Эшарехь ловзу ког гоьла тIера.
Тхьамдаллех хьо-м дика воьллера,
Мотт говза и жеро хьовзо а
Хьо-м вара массарел говзаниг,
Амма човс ледар ву тховса хьан,
Кхечуьнга лохьа и човсалла.
III
Со хаза волу хелха, дика волу,
Мехкарий, кIентий реза хилла суна.
Ткъа хIара накъост хIунда ваьлла боле,
Ша човс ву бохуш, сараг бетташ суна.
Тоьлла йоI соьца хелха хьийза тховса,
Тхойшиъ цхьа тайна хилар цо ца лайна.
Соь боху цо – дог дика доцчу човсо:
«ДIавала кхета, юха воккхур вай хьо-м».
Дiавала, боху, тоьу, боху, човсо,
Ткъа наха соьга дIа ца валар доьху.
Суна а, цкъа бен ваьккхина а воцчу,
Дог Iабон лаьа – ас-м дукха ца доьху.
«ДIавала кхета, юха воккхур вай хьо-м» –
Пондарчас човсо аьлларг йолий йиш а.
ХIун бен ду сох къахетарх: суна сайна
Хууш ду – хIинца дIа ца вала йиш яц.
«ДIавала кхета, юха воккхур вай хьо-м» –
КIордийна, новкъа хилла бохуш дац ткъа?
«ДIавала кхета, юхавоккхур вай хьо-м» –
Со юхавоккхур волуш бохуш дац-кха.
IV
«Хьера даккха ловзар, тхов тIе даккха ловзар», –
Маьхьарий хьоькху шовкъ еанчу наха.
Соьгара хьал-ма кхузахь цхьанне довзац,
Къахьделла суна хIокху сохьта дахар.
ДIо мекхаш хьийзош хиъна Iийриг гIантахь
Волуш ву суна «гIуда» тоьхчахьана.
Тахханалц соьца хьо къийсинчу кIанта
Хьо хьийзайо-кха нийсса суна хьалха.
Хьо а яц хIуммаъ реза йоцуш цунна,
Хьо-м сетта – сетта суна хIуьттаренна.
ХIай, ма го цунна хьо йоцург кхин хIума!
(Бохь бугIу, ченаш йохуш… ХIунда? Стенна?)
Со-м Iийр ву тийна, вист ца хуьлуш Iийр ву,
ДIахьажар хьоьга хьарамдина сайна.
Дика ду-кх дог сан къайлехь долуш, кийрахь,
Даг тIера къап-къарс хьуна дIа ца гайта.
1985
Свидетельство о публикации №112011909754