ДIакхачалуш ду де а...

ДIакхачалуш ду де а, малхехь даьгна,
ДIо регIа Iенош Iожах богу бос.
ДIаюхуш йолчу пхьоьхано, вайх хьаьгна,
Вайн уьйр-марзонаш доьзалшна чухьо.

Ткъа вай-м юха а хIокху пхьоьханера
ДIагуллур ду вайх цхьаннан хIусаме.
И гIиллакх цIера ду вайн жималлера –
ДIаса ца довлар, пхьуьйре екъна бен.

Ткъа кхана-м, вайна малх а гIийла гIоттуш,
ДIахедар беца пхьоьхане цхьа некъ:
Юрт шена тIаьхьайоьлху тезет хIоттош,
Вайх цхьамма бийр бу тховса тешнабехк.


Рецензии
На это произведение написаны 3 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.