Безаман туьйра

Корехул д1ахьаьжчи, го суна тийна,
Дохделла, хазделла аьхкенан де.
Сенъелла, юкъйелла аренаш го суна,
Х1етте а, сан даг чохь, ца йогу ц1е.

Цу 1аьнан г1урано йийсаре лаьцна,
Г1орийна лаьттачу хих терра со,
Тхайн коре хиина, сайн корта лаьцна,
Дахаран ойланаш ас тийна йо.

Ас х1унда ца йира и ойла хьалххе?!
Ас х1унда йитира кхи ойла т1е?!
Ас айса язъдинчу туьйранах тешна,
Хилбоцчу безамо 1ехийна те?!

Тешаме ца хилла сан даго къастийнарг,
Къамелца латий цо сан дагчохь ц1е.
Сан халла дуьзина пхийта шо аьтта,
Гуьйренах тарди цо аьхкенан де.

Хилла со таръелла мелачу цу мохо,
Айина ловзочу х1орданан тулг1енех,
Мох сецчи, айелла тулг1е ма йожжара,
Ойланаш ийги са бодашка тахана.

Делахь а  х1ума дац, ас юха х1иттор ю,
Ойланаш ютту г1ирс карон хал бац.
Сий, яхь ю коьртаниг, юха ца х1уттуриг,
Ткъа царех сан зил а хьакхбелла бац.


Рецензии
prava Tamiya
I chuvstva i dusha prissutstvujut v kazhdoj strochke

Дашо Аргунская   09.09.2012 23:57     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.