Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош...
Цуьнах дуцуш некъан керла тай.
Хьан аматаш ойланашла хьерчош,
Сох а хили сингаттаман лай.
Хаац хIунда, хьо сиъелла йоьдуш,
Ас багарбо ахь мел боккху ког?
Малхо анайисте хьаьдда боьдуш,
ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог.
Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна?
Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш?
Ахь ду эли хIара къастар ханна,
КIира даьлча цIаяр хьехадеш.
КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа,
КIад а белла, мох а кхечи схьа.
ХIинца иза ойланаш еш къаьхьа,
ХьаьжкIаш санна, дитташ тилош Iа.
ДIагIо тIаккха, некъ нисбойла Дала.
ГIайгIа сан хьан некъан накъост ю.
Хаац суна-м, кхин ас хьоь хIун ала,
Ша ца алахь хьо – сан дахар ду…
Ведана, 1981 шеран ноябрь
Свидетельство о публикации №111122401160
Петимат Абубакарова 22.02.2019 12:54 Заявить о нарушении