Вай безам хьанна бу новкъа на чеченском
ХIунда гIерта вай къасто уьш?
Царна хета хьо суна воккха,
Боху цаьра -- хьо Iехаелла,
Безам тарбелла хьуна.
Ца гуш деган къайленаш
Дашца цатемаш бо.
Боху соьга -- хьо тахана ёлу,
Елха гена а дац,
Кхоллам шун хила йиш яц,
Тхоьга ладогIа --
Ма кхосса хьо цIерга,
Цигахь ца лоьху ахь ирс.
Йитиша со ела тахана --
Кхане вай Делехь ю,
Ма бе сан дагна цатам,
Сина новкъарло ма е.
Сан безам сирла
Шовданах терра,
Ма гIертиша шун даржо и.
Свидетельство о публикации №111121905126