Лула-кулахь
Автор
1.
АхIи-декъе даьлла,
КетIахь доьлху бер
Хьенан ду те аьлла,
Цхьаммо хаттар дер.
ХIун бен ду и – хьенан?
Доьлхуш ду-кха и.
Цуьнан бIаьргех Iенаш
Хир ду цIена хи.
Забарийн цхьа гали
Тохий маса ги,
Хьапар-чупар валий ,
Хьаста гIуо со и.
2.
Мила ву и воьлхург?
Хьо ву? Хьо? Я хьо?
ХIара ву и воьлхург,
Къайлаваьлла сох?
ДIасахилал массо,
Юкъавитал со,
Тхайн дагара дассо
ПаргIат дитал тхо.
3.
Вай, хьан цIога хьекха
Мамин пхьегIаш чу,
Дадин мекхаш хьекха
Хьан мерIуьргаш чу.
Ша тIехь санна, шерша
Хьан и мершаког,
Иза багаберзахь,
Хаза хир ву хьо:
Балдаша мох беттарх,
Тохалур яц шок –
Гайлазар а кхетта,
Язлур ю гаршок.
Иза айба гIора
Хьоьгахь хир ма дац.
Иза айба гIора
Сан а кхочур дац.
Иза айба оьшур
Еха зеразакъ ,
Архимед а оьшур –
Иза-м цIахь ма вац.
Хьан хечина тIехьа
Даьлла доккха Iуьрг,
Цига латадехьа
Доккха чорда цуьрг.
Айла йоцу шарбал
Ярий хьуна ас?
Хьан хьашташна гIарбаш
Лаций хьуна ас?
Лула еъна хьаша
Хахка йига вай,
«Маде ин не наша»
Ворда латаяй?
ГIокъи доьхна пондар
ДIаозабай ас?
И хьан горга цIонга
Схьаозадай ас?
Хьан бIаьрга тIе яьлла
Можа бIаьрмециг
Хьап-аьлла дIакхалла
Даладай цициг?
Ма велхахьа, хIай кIант.
ЦIе хIун яра хьан?..
ХIара кхозу хIайкал
Мукъне ларахьа.
Олхазаре кема
Дайта хьуна вай? –
Цу тIехь меха лелаш,
ХIонс лахьор ю вай.
Китайхошна хьор вай
Нехаш дуганан,
Царех мерза пхьор дан
Бу уьш Iемина.
Африкехь дIайохка
Хьор вай, хьем ца беш,
Олхазара стохка
Йина эзар пеш.
Туле хьор самараш ,
Шалгу-тоьпийн мор .
Веданара бIараш
Гуьржийн махка хьор.
Магаданехь соьцу
Деши оьцу къуй,
Оцу гIала соьца
Ван хьо реза вуй?
Акха рема лаллий,
Бразиле а гIой,
Берзан илли алий,
Дохка вайша дой ?
Доккха эра даккхий ,
Довдий Яндаре ? –
Хьайн цIа хьуна тIаккха
Хетар дара цIен .
Юьйцу хезна суна
Паччахье Непал,
ХIуттур бара хьуна
Вайн цигахь а пал.
Молла Айзенера
Пурба даккхалахь,
Седа-жайни тIера
Долор дара ахь.
ЧIебарлара говза
Талмаж валавай,
Цуьнца Франци йовза
Новкъадовла вай?
Парижера хIора
Мадемуазель
ТIейоьрзур ю йорах,
Гича сан «ГАЗель».
«ХIара пхьидаш кхиъна
Пхьидийн-КIотарахь », –
Бохуш, юххе хиънарг
Iехайийр ю ахь.
Лекъча кисий, бохчий ,
Корта ца лазахь,
Вай лохур бу нохчий,
ХIун ду хатта цIахь.
4.
Маьрша ваьш цIакхалхахь,
ГIала юьллур вай.
ГIалин цIе, Нью-Iалха
Аьлла, туьллур вай.
ГIала йилла йоло
Таро оьшур ю,
Цхьа юьхьиг дIайоло-м
Бахам болуш бу:
Автопарк «Малата»,
Медсанчасть «Луи»,
Буька-яй чохь – атарш ,
Кийрахь – кегари.
Артъеллачу цергийн
Фирма «Кхема-ботт»,
Ирделлачу лергийн
Фирма «Беха мотт».
Массо керта-кIарахь
ЧIанаяьлла Iаш,
Фирма «Наштар-сара»,
Фирма «ЦIеста-тас».
Фирма«Лаьнга-Хьаьнга»,
Фирма «Аьшпийн дуо»...
Вай, сан багах даьлларг,
Айсса вий ас суо.
Фирма «Доца дахар»,
Фирма «Деха сом»...
Массо цIераш яха
Кхуьур ваций со-м.
Вуьшта, берриг бахам
Лерина а бац.
Хуучара бахарх ,
Цуьнан сихо яц.
Делахь-хIета тIаккха,
Сихха, хIоккху Iай
ГIала йина-яккха
Ларор ма ду вай-м.
«Бархатера» ехна,
Раци йохьур ю,
Маьрша тулгIе лехна,
Орца доккхур ду:
Вайх бисинчу лам чу
Ластор ю анод ,
Дехьа, Къоьзан-Iам чу,
Кхуссур ю катод .
Модуляци лехьош,
Iадор ю эфир ,
Пеленгаци Iехош,
ДIамер ю кефир.
Белхи хаза неха
Санна хир бу вайн,
Цига тхьамда веха
Пхьамта гIур ду вай.
ЭхI, ма гIала хир ю,
Хилла яьлча, и.
ГIалин марда хир ву
Сальвадор Iали.
5.
Хьалаайба хIинца
Оллаелла цIом ,
Малике хьо вийца
Дагахь варий со-м.
Мехкарша хьо къийсарг,
Схьахьажахьа, хIай, –
Цо-м, хьан цIе схьайийца
Аьлла, хоттур дай.
Велхий-велхий-велхий,
Велха кIордадай,
Хьаьж-юккъера белхий
ДIасалелхабай,
Тхуна хIуьттаре яй,
Ва хьайн дуьхьа, хIай,
ШайтIанаш а ледай,
ЦIе йийцахьа хьайн.
ХIунда воьлху те хьо?
Ма велхахьа, хIай!
Корта лозу те хьан?
Я лозу те гай?
Корта лазахь, тIалба
ТIеюьллур ю вай,
ЧIоггIа къовлуш, чалба
ТIехьарчор ю вай.
Пифагоран шарбал
Йохий хьуна вай? –
И ду хьуна дарба,
Лозуш хилча гай.
Мекхаш хьакха ХIарон
Схьавалаве вай?
Я Кантаев Барон
ЦIавалаве вай?
Юкъарлонна вехий
«Черномырдин-Гор» ,
Сихха вай цIавехий
Портландера лор?
ХIордах сехьаваьлла,
Ц;це еш минздрав,
Цо, диагноз аьлла,
Яздийр ду: «Майлав» .
Вай и «хIайкал» тIаккха
Тырныаузе
Хьажор ма ду, даккха
Аьлла, УЗИ тIе.
УЗИ тIера деца
БIаьрса-ира еца:
Лезна доцу ун а
Гучудер ду цунна.
Хьуна хIун ца тайна?
Алий вала, хIай.
Хьо вистхилча, вайна-м
Дарба карор дай.
Нагахь елахь еса
Хьан и гай-мотор,
Чу хьолтIамаш тесса,
Вай хьалалатор.
Нагахь уьш ца йиснехь
Хьуна яла тхоьхь,
Нойцо юуш йисна
Хила мега кхоьш.
Юур ярий те ахь
Котаман цхьа ност? –
Буше хIордал дехьа
Дахьийта ас кост ?
Деса бохча ахкий,
Дай ас юхалург,
Лула Туле хахкий,
Цхьа-ши-кхойтта чкъург?
Ахь ийзабен берам
Вузор волуш бац,
ХIара лаьтта бераш
Вай кхин хьегор дац.
Хезий хьуна , чехкка
Товха латаел,
Ахьар-худар кхехккалц,
Нитташ хьакхабел.
Аса-м хьоьга бохий...
ЧIогIа а ца хьуьйш,
Кхунна тIехьа тохий,
Хьакхабелахь уьш.
Схьайолахьа, Баба,
ХIара йоллушехь,
Етташурин кхаба
Лохьа, йисинехь.
Хьуна уьш ца езахь –
КIордайинехь уьш –
Вай хьо вийр ву реза,
Лулахошна луьйш.
6.
Серижеран кетIахь
Iаш ву Iамарбек .
Хамсатеран кетIахь
Боьлхуш лаьтта етт.
Цунна дара атта,
Иштта лаьттачул,
Банажеран аттах
Iаьмча – бала чу.
Сарахь и цIабогIуш,
Хьажалахь хьо-хьуо –
МаIа тесна тIомах,
Ков схьадоьллуш цо.
Ма никIапа-махер
Ву Мохьмад-Эмин!
Шайн юккъерчу нахе
Хаийталахь и.
ХIинца дIо схьагIерташ
Иза ша а ву,
Цуьнан когех хьерчаш
Партал болар ду.
Эмин, сан никIапа-м
То ца йира ахь,
Хьайна Мохьам-Бакъи
Гойла хьажалахь.
Лейтенант Коломбос
Лоьхуш ма варий –
СадаIа Торонто
ВогIий хьажа – и.
Хьажал, вели хьуна
Шек а воцуш тIех,
Сайнна буьтуш суна
Ас къадийна бехк.
ДIо вайн лула лаьлли
Йоьхна «Жигули».
Цкъа и дуьхьалъяьллий –
Ворда яц-кха и.
И тоечу пхьеро
Базбина шен мах.
ХIинца-м иза цIера–
Ваьлла Iаш ву бах.
Пхьар Нур-Iела-м дера
Да ву деа беран:
Iела-Хьажин, Iелин,
Хьажин, ва Хьаж-Iелин.
ЯягIеран бешахь
«Нуй хьокхуш» ву Берс.
Нагахь хьо ца тешахь,
Айза ю-кха теш.
Хьаван кхел ю йиъна,
Лазар догIуш, довш.
Гула йогIий хиъча,
Соцу детта ов.
Iамийна ву Джунга
Лата каратэх –
Кегий бераш цуьнга
Эшало цхьа ткъех.
ЦIеяххана франт ву
Томин кIентакIант,
Цуьнан дика ант ду –
Мало цахилар.
Сацита а шена
ХIоттор ю цо теш,
Бера боцу кема
Ден мамина деш.
Сацитас а беъна
Тамашийна кхаъ:
«Вайна ток схьаеъна»,–
Аьлла, веш со акъ:
Ток схьаяло дисна
Серий а ма дац...
Цо шен тайпа дийца-м
Пурба делла дац.
Цуьнан ваша Хьамид
Корах вуьйлу чу,
Цу хьаштана лами
Корехь лаьтташ бу:
НеI ца югIуш юккъе,
Пенаш доьгIна цо.
Трактор юьтуш юккъехь –
Лулахь вехачо.
Тхьамда вахна Хьамда –
Зав-Гум-Шена-Пом –
Массарна а там бан
И ца лараво.
«Наша Машин» бахам
Вовшахкхетта бах:
Тукар, тIарий, махий,
Ахча тоьгу чарх.
Пожаркера ваьлла
Ваха пенсе ваьлла,
Иза восе даьлла,
Цунна цIахь цIе яьлла.
Пемин тIаргIа бетта –
Къажбина и цо,
Заремин а бетта –
Белхи бина цо.
Ловзадала доьлла
Болар Бетарбин,
Лар а ца луш моллех,
Мала вахча и.
Сан хIун бехк бу аьлла,
Ваьлла иза пел, –
Цунна-м хилла яьлла
Яра шарIа-кхел.
ШиблугIеран пенах
Хилла классан у:
Цхьаммо – Iамо шена –
Яздина: «Шиблу».
Ша маслаIатера
ЦIехьа вирзича,
Моллас, кегий бераш
ТIе а гулдина,
Цаьрга бийр бу хаттам,
Боккхуш боккха бехк.
Лехам бийр бу тIаккха
Седа-жайни тIехь.
ХIинца вай а, бераш,
ГIор цу пена тIе,
Лехна цунна тIера,
Тилла кхунна цIе.
Собар! ЦIе-м кхузахь а
Туьллур яра вай:
Кхунах доцца – Махьма –
Ала деза вай.
ХIинца дуьлол маса
Оцу пена тIе:
Хьекъал тоьгу хьаса-м
Лохур вай цу тIехь.
ДIаялол, Румиса,
Хаттий хьалха хьал,
Шайн Тиватин диснехь,
Политкарта дал.
Iела, Шамханеран
Охьатохий талл,
Баккхий цунна тIера,
Хьажо сара бал.
Варий, сихо елаш,
ТIаьхьа ер вай ял.
Махьма, ахь меркIело
Малхе ерзаел...
Ой, Румиса яц и!
Яхна йогIу хьо?
Нуц-м ледара ваций,
Къехкаш хиларх сох.
Iела а схьакхечи,
Текхош дехха талл,
Толла буьххьехь – Лечин
Рацих бисна пал.
Карта дIасаоьзна,
Туьллуш телетIай,
Вайн зуьрето боьзна
Маша бостур вай.
7.
ХIара ю Бразили –
Сериалийн мохк,
Цигахь берзан илли
Дехха алало.
Басса проливера
Доладелла Бас,
Йома Йеменера
Еъна ворхIе дас.
Катар махкахь лелларг
Нохчийн кетар ю,
Оццу махкахь яьрра
Котар-Юрт а ю.
ХIокху Кабо-Вердехь
Ламаз маьрша до,
Къобалдеччу вирдехь
ДIа а верзаво.
ХIара Гватемала
Вайх къахеташ ю,
Цигахь ю тIекхалла,
Ва тIемала ю.
Цунах хьоьгу лулахь
Никарагуа,
Цигахь хилла хьуна
НикIин рагIу а.
ХIара кхозу этка
Яьрра итт Iалис,
Коча-кура сетта
ХIинца-м Итали;.
Йиллинарг Малайзи
Молла Айзен ву,
Букий, Пукий, Лайзий
Цуьнца дешна бу.
Схьахьажал, хIай Махьма,
ХIара ю-кх Непал,
Вайшиммо цигахь ма
Тосур бара-кх пал.
ХIара Португали
Йовза луучо
Цхьа картолийн гали
Тхан сени чу хьуо .
ХIара Сингапур а
ТелепхьалгIа ю,
Симин кIант ГIапур а
Цигахь Iаьмма ву.
Таро йоцчу хенахь
Дага ма тасарг,
Вайна дукха генахь
Ю Мадагаскар.
Берийн мохк Либери
Бахна тахна гIад:
Церан хIора беро
Доьшу «СтелаIад».
ЭххIий, оххIий бохуш,
Эфиопи Iа,
Цунах бехкаш дохуш,
Къена Кени Iа.
Цигара Найроби
Вайн Найбоьра ю,
Найбоьрара Жобин
Баба жоьра ю.
Мозамбикехь даьлла
Накхармозийн вай,
Камбодже канбаьлла
Жа лаьллина вай.
Гам а велла Гамбехь,
Лелла Сомалихь,
ХIинца махбеш Дамбехь
Iаш ву Сом-Iали.
Йоккха балгийн аре
Ю хIара Болгари,
Ткъа хIара Албани –
Бусалбанийн бани.
И Венесуэла
Ю вайн несан кхела,
Ткъа хIара Швейцари
Юзош ю вай, царий.
Хи чу яьлла Греци
Гар-рехь эгош еци,
Цунна вазелин дан
Бахна Свазиленде.
Хьовсал, кху Кувейтехь
Вейтта бIе къу вейта
Кхел кхайкхийна Кубехь
Къуббах йинчу клубехь.
Сицили а яьлла
Сица илли аьлла.
АхIи-декъе яьлла,
Иза юьстах яьлла.
Мара берг, Марокко
Йитна, Камеруне
Вахча, даьлла доккха
Ка хьоькху мер-ун а.
Тайнийн Таиландехь
Къена дегI а къондо,
Ткъа хIокху Луандехь
ХIора лу ду онда.
Швеци шен цIа хилла,
Майка йо Ямайкехь.
Чилера схьа чилла
ЙогIу хIора Iай а.
Тегна хIокху Турцехь
ХIокху кIентан турси...
ОххIай, цу чохь лаьтта
Iаьнарш хIинцца Iаьткъар.
Схьавадал, Папишка,
Чехкка, сихо ел,
ХIара хьайн КIантишка
Нишка хаавел...
Мел къахьоьгуш лелла,
Хьовсал, вайн зуьрет –
ХIора цIарах аьлла,
Доллуш ду-кха сет:
Берамаш бен Бирма,
Докъарийн Судан,
Жир охьу Алжир а,
Бута ен Бутан.
Ангали ден Англи,
Шурин Суринам,
Лан-ира Ирланди,
Виэтанан Вьетнам.
Къоламийн Колумби,
Чада-Iайгийн Чад...
Ткъа тахана хIунда
Вай Iалуш ду Iад?!.
Цхьаммо соьга кхайкхи,
Цхьамма вай ца лай.
ХIан, Гаити гайтий,
Дерзо хьовса вай.
ХIара а ю йогIуш,
Урам бохуш зов,
Кху Махьмина тоха
Бохьуш ниттийн цIов.
Аш боху-ца-боху,
Нитташ шуна гур,
ТIехьа мехий доху
Кхунна мотталур.
Толур бу уьш гуттар
ХIинцца, шуна гуш,
Шашах дуьйлу мутта
ОхьаIийдалуш.
Цул а дика дарба,
Лехарх, карор дац,
Махьмина а шарбал
Кеста оьшур яц.
ДIасахилал массо,
Юкъайитал и,
ХIокхуьнца дерг къасто
ПаргIат йитал и...
8.
Белхар а сацийна,
ЦIогIа хьаькхна цкъа,
Ченан кIуьрах ийна,
ДIатилира кIант.
Цул тIаьхьа а суна
Гина иза цкъа –
Сийсара тхан лулахь
Белхехь йишица.
Цхьанна а кхин цкъан-цкъа
Воьлхуш ма хазарг,
ЦIуцIигIеран ЦIацIа
Хилла вилхинарг.
БИЛГАЛДАХАРШ:
Хьапар-чупар валий – кхузахь: забаре, беламе валий бохучу маьIнехь.
Зеразакъ – рычаг.
Архимед – вайн оьмарал хьалха Ширачу Грецехь ваьхна Iилманча.
Чорда – Iуьргаш долу.
Шарбал – хеча.
Яра – бустам баккха.
ГIарбаш – ялхо.
«Маде ин не наша» - кхузахь: вайн махкахь йина йоцу.
Ворда – кхузахь: машен (забаре).
ГIокъи – кехат-пондаран аьтто агIор долу пиллиг.
БIаьрмециг – сурх.
ХIайкал – деакIов жайна.
Олхазар – Iалхан-Юьртара говза аьчга-пхьар Дадаров Олхазар.
ХIонс – тIейолуш йолу са;.
Пхьор – суьйранна буу кхача.
Самар – самовар.
Шалгу-топ – шозза йолу топ.
Мор – цIов.
Рема – дуккха а говраш.
Дой – тIехуу говраш.
Эра даккха – гIовгIанаш ян, кегари бан.
Яндаре – ТIамах девдда дахча, вай Iийна ГIалгIайчуьра юрт.
«Шен цIа – цIен цIа» бохучу кицанна тIера.
Талмаж – къамел гочдархо.
Мадемуазель – йоI (французийн маттахь).
Пхьидийн-КIотар – Iалхан-Юьртара топоним (юкъ).
Лекъча кисий, бохчий – ахча кхачийча.
Буька-яй – горга яй.
Атарш – бежанан я кхечу дийнатан аьтта чоко.
Бахарх – бахарехь (диал.).
«Бархат» – радиозIенехь йоккхуш йолу цIе (позывной).
Анод – радиозIенера термин.
Катод – радиозIенера термин.
Модуляции – радиозIенера термин.
Эфир – радиозIенера термин.
Пеленгаци – радиозIенера термин.
ЦIом – кхузахь: мара, муцIар.
Малик – Iалхан-Юьртара бизнесмен Сайдуллаев Малик.
Белхий – кхузахь: хебарш.
Пифагоран шарбал – математикехь Пифагоран теоремин хьокъехь лелош йолу забаре термин.
ХIарон – мекхаш долу ХIарон аьлла, цIе яхна волу Iалхан-Юьртара Макаев ХIарон.
Кантаев Барон – бецех дарбанаш лелош болчу Мусан фамилиххий, Киндаровн цIераххий кхоьллина цIе.
«Черномырдин-Гор» – Россиний, Американий юкъара экономически программа.
Портланд – Америкера гIала.
«Майлав» – «Сан безам» (ингалс маттахь). Оцу лоьро шен зудчух йоккху цIе.
Тырныауз – Балкхаройн махкара гIала.
Буш – Джордж Буш, Америкин 41-гIа президент. Иза куьйгаллехь волуш биначу бартаца, вайн махка кхехьа долийначу котаман гIогIашна, Бушан гIогIаш аьлла, цIе тиллина.
Кост – хабар.
«Хезий хьуна» – ХIусамнене бохуш ду.
Товха – пеш.
«Хьоьга» – ХIусамнене бохуш ду.
ХIара – кхузахь: хIусамнана.
Iамарбек, Серижий – мар-зудий.
НикIапа-махер – парикмахер (забаре).
Лейтенант Коломбо – Гаплаев Мохьам-Бакъин вешина Мохьам-Бешарна тиллинера ас и цIе. Ша жима волуш лелош, оцу кинотурпалхочун санна, кIайн плащ яра цуьнан.
Ант – айп, сакхт, ледарло.
Бера боцу кема – кхузахь: барма (забаре).
Ваша – кхузахь: тайпанан ваша.
Тивати – вайн невцан нуц.
«Цхьа картолийн гали Тхан сени чу хьуо» – картолаш юхкурш схьабаьржинчу хенахь яздина ду хIара могIанаш.
Дамба – БухIан-Юьртара меттиг («Грозненски хIорд» аьлла, цIеяхна болу Iам хIоттош, хина дуьхьал бина вал).
Свидетельство о публикации №111121510782
Буду ждать твоих новых творений для детей.
Приятно отдохнула,читая поэму.
С большим уважением и лучшими пожеланиями,
Петимат Абубакарова 16.12.2011 23:08 Заявить о нарушении
Оценка знатока литературы и педагога, посвятившего свою трудовую деятельность детям, для меня очень ценна и обязывает. Дела реза хуьлда!
Сейчас только заметил, что концевые сноски не пропечатались. Исправил, как смог. Получилось, как отдельный ГЛОССАРИЙ в конце.
С уважением, Адам.
Адам Ахматукаев 17.12.2011 10:39 Заявить о нарушении