Iуьйренца стигал на чеченском

Iуьйренца стигал
Сийна дари тIехь
Яьржина дашо
Маьлха зIаьнарш,
Маьрзачу набарх гIаттош
Iалам а, адам а.
Мелачу махо
Гилгашца дитта
ГIаш ловзош,
Олхазарш дека
Самукъне эшаршца
Керлачу денна
Хастам а беш.
Марша да хьо
ХIай керла де,
Хуьлда хьо деъна
Беркат дохьуш,
ХIоранна дахарехь
Сирла ирс луш.


Рецензии