Ахь соь бехира

Ахь соь бехира:
Со хьа доьхьа веха.
Ас а олура:
Хьан доьхьа еха со.
Вай безаман летта цIе
Йовр яц цIкъа а, моьттура.
Сих - сиха олура:
Дала вай вовшашна
Кхоьллина хилла, вовшех
Къаьстина дехар дац вай...
Амма замано гайти -
Муьлха, хьена доьхьа
Вехаш хилла,
Муьлхар, хьанна
Кхоьллина хилла.


Рецензии