Маржа дуьне на чеченском

Э, маржа дуьне
Ма Iехадеш дуьгу
Ахь эхарте тхо.
Iаба ца Iебаш,
Мел хили оьшуш,
Сакъералуш бахамах
Дерриг тхай куьге
Дерзо а гIоьртий,
Къаналле доьрзу.
Гергарлона марзонаш
Хилаза хеда а йой,
БIаьргаш хьабдича
Марчо бен
ХIумма ца хьо.
Вовшашца хьогIе
Цабезаме деха вай
Даларе дерзаллац.
Валар йойла-м
Янне ца йо.
Маржа маьлха - дуьне
Хьо диъна мила ву - те?
Доггаха ахь цхьа а
Хьаьстини - те?
Бу - те уьш, ахь лучу
Рицкънахь Iехабелларш,
Я бу - те уьш,
ГIила мисканиш
Ахь бехказа, сих - сиха
Чехинарш?


Рецензии