ХIун дан гIерта хьо, сан дагалецам
Карлайохуш сан къухдаьлла лараш?
Сан ширъелла чевнаш юха даръеш,
ХIун дан гIерта хьо, сан дагалецам?
Сан ирс хиллехь, хилла и цIа санна –
Чохь со Iийна, со арахь а висна.
Дагалецам, ахь ваьккхича сама,
Чохь я арахь воцуш ву со хIинца.
Дагалецам! Доьху ас, дIабижа!
Хан хир ю хьо оьшуш карзахбала.
ЦIа чохь суна меттиг бацахь жимма,
Со, неIсагIе йитна, вер ву ара.
Свидетельство о публикации №111120603489