Кхин башха дуьненчохь хIумма ца хилла
Бакъду, сан цхьажимма шераш дIадевлла.
Бакъду, со кхетта со кхетар цахиларх –
И муха моттало – шираниг керла?
Кхин хIумма ца хилла…
Хетарехь, хIара
Ду даго, бералло меттигаш хийцар:
Тохара бераллехь сан дог ма дара,
Ткъа хIинца? –
Бералла даг чохь ю хIинца.
Свидетельство о публикации №111120603481