Сан дайн хилла
БIешерашкахь лардеш сийлахь гIиллакх:
ТIеман арахь
Эгначарна бугIуш хилла цара
Кешнийн кертахь хIолламаш.
Кху сан эвлан
Кешнийн кертахь-м яц-кха хIоллам гойла,
Ткъа мел бу уьш
ХIаллакьхилларш, мичахь бу ца хууш –
Дакъазбевлла кхолламаш!
Кху дуьнен чохь,
Эзар сибат долчу кху дуьнен чохь
ХIун ца хуьлу? –
Сан юьртахой дукха эгна тIеман кIуьрлахь,
Амма кешнийн кертахь хIолламаш ца го!
Эгначарна
Кхоьруш ву со иза дIахаарна…
Ас, цундела,
Дешнех бина хIоллам – иллеш сайн даг тIера –
Нехан эхьан кертахь хIоттабо!
Свидетельство о публикации №111120603472