Сан деган и терхеш
Iаржъелла,
Iаржъелла,
Iаржъелла,
Хеназа баьгначу безаман
кIурз биллина.
Эххар а кхечи со кхийрина
хIара син бIаьрзалла. –
Хьан васто бIарзвина,
Хьан васто со тилийна.
Хьо дIаяй даимна,
Хьо дIаяй тIепаза,
тIепаза…
Туьйранахь санна, хьо малх марахь,
дIатевжина.
Со тIаьхьагIеттинчохь висна кегделлачу тIемашца,
Сан хIинца ойла а язъелла шен энашна.
Хьо лепа!
Хьан лепар гуш дац-кха суна бен бIаьрзечу:
Хьо лепа,
йохаеш бодане сан тийналла.
Сан деган и терхеш
Iаржъелла,
Iаржъелла,
Iаржъелла,
Хеназа баьгначу безаман кIурз биллина…
Свидетельство о публикации №111120603419