Гадаев Мохьмад-Селахьна
Дика де хIоьттича – да иза хиллехь,
Доьхна де хIоьттича – кIант иза хиллехь,
Ирсе ву, ирсе ву, и мацца ваьхнехь а.
Дуьхьала хьекхарх мох, дуьхьала беттарх кIур,
Хьо ваьхна, и дерриг зовкхах тардина.
Хьох малх ца хиллехь а сирлачу дийнахь,
Iаьржачу буьйсанна-м хилла хьох беттан нур.
Свидетельство о публикации №111120603369