Кхиамза дисна сан тIекхийдар седанна
Со оцу седано ца витна герга.
Къобалйо ас хIинца лаьттара сеналла,
Къобалдо кховдийча куьг кхочехь мел дерг.
Тоьар ду суна мел хIиттина бIарлагIаш,
Со виси, уьш хIинца тIепаза яйна.
Дош дац-кха со лелар, кхетамна къар ца луш,
Дош дац-кха! – Ас аьшпаш боьттина сайна.
Беламе, гIайгIане ду ас мел лелийнарг,
Тахханалц кIайн хеттарг го хIинца Iаьржа.
Боьлхуш ги ши бIаьрг ас моьттинарш белийна,
Бух сирла шовданаш суна гуш даьржи.
Амма дац хIорш дохковаларан бIаьрхиш а,
Дац хIара ирс доцуш ларар сайн кхоллам.
Со воллу тоийта кхерстар цу мархашлахь,
Генара Iаьршаш а со йита воллу!
Свидетельство о публикации №111120603361