Безам белча
нах ца боьлху тезет хIотто,
Безам белча,
лаьттах и ца буллу.
Даг чохь хуьлу цуьнан лахьта готта,
Цхьаннан-шиннан бIаьрхи долу дуьра.
Хьох, сан безам, тIаьххьара дIакъаьсташ,
Байлахь йисна сан къоналла йоьлху.
БIаьрзе хилла, къора хилла, астагI
Кхерстар ю и, Iаьржа бедар йоьхна.
Ахь со когашIуьйра ваьккхи лайла,
Ахь со вага вити маьлхан кхерчахь.
Марша Iайла, безам, марша Iайла,
Сан къаналло дойла хьуна геч а.
Свидетельство о публикации №111120603349
Марша Iайла, безам, марша Iайла,
Сан къаналло дойла хьуна геч а.
Мутуш Танов 27.05.2019 22:00 Заявить о нарушении