Дагалецам на чеченском

Лаьтта со Iаламе
Хьоьжуш тийналехь.

Ойланаш юьгу
Геналле дIа...

Го суна цигахь
Сайн ирсе бералла,

Нана ю хезаш
Мохь бетташ соь.

Доггах къовлу
Со нанас мара,

Хьоьсту коьрта тIе
Куьг хьоькхуш дай,

Сан дашо На - на
Дуьне ахь даа,

Декъала хилариг хьаьста хьо
Ирсо безамах юьзна.

Ма мерза ю хьо
Сан хьоме нана,

Хьай сица оьзда,
Комаьрша дог.

Мел къеда ду
ХIора ахь олу дош.

Ахь еллачу йовхоно
Лелош ю со.

Ойланаш...
Ма йоьхна, яьржина шу.

Кийрара дог
ТIулг хилла лаьтта.

Мохь тоьхна кхойкху
Ас хьоьга, нана

Амма сан аз
Анналехь дов.


Рецензии