Юьхь ю сан, нана

Ахьчул доггах хьехам бала
Цхьа а варий, дада?
Ахьчул мерза кхача бан а
Цхьа а ярий, нана?

КIентийн ойла-м, тIемаш айба
Хьаьгна, хьийза арахь.
Шун хебаршка йижна гIайгIа
Айкх ма юьйлу царна.

Молла кхойкхуш, ламазна а
Уьш дIагулло бертахь,
Iийдан де а, хьаша санна,
Лору хIора кертахь.

Амма ненан гIийла кхийлам
Бицло, цунна херлуш.
Ненехула дас хьахийна
Дерг а дуьсу эрна.

Довш ду техьа, доьзал аьхна
Аганара буссуш,
Луцаш  санна, къайлах даьхна
Ирсан декъах дустарш?

ДуьхьалхIотта хьуний, дений
Юьхь яра-кх сан, нана.
Сох цIе хоьттинчу тIаьхьено
ХIун лелор те кхана?


Рецензии
Парг1ата ца дешало иштта мог1анаш.
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   07.09.2022 16:46     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.