Хи тийна Oрганах ломан йис хьерча

Хи тийна Oрганах ломан йис хьерча,
Йоьссинчохь къеждина баьццара дукъ.
Гуьйренан тIаьххьара суьйренаш тийжа,
Неврера мохашца йихкина юкъ.

Дахкарлахь лачкъийна Iаламо латта,
Бесачу кирхьанах стигал тарйина.
Синберте еана гIайгIа дIахIоьтти,
Кхерч лоьху некъахо санна.

ХIун ду цо лоьхург иэсана кIоргенехь,
ДIатийна синхаам ир-кара хIиттош?
Богучу чиркхана серлонан тийналлехь,
Мел хилларг син-пхенах луьттуш.


Рецензии
Мел хилларг син-пхенах луьттуш.
Тамия, хьа байташн дешнаш даган чу йовхо етта

Дашо Аргунская   18.12.2011 17:48     Заявить о нарушении