Сан безам на чеченском

Ас хастам бо Везачу Далла,
Дуьненах дог диллина,
Де эшначу хенахь
Хьо суна вовзийтарна.
Ц1ена безам кхоьллина,
Дахар серла даккхарна,
Шелделла дагах
Безаман ц1е кхарсторна,
Ойланехь доцу ирс
Суна цо даларна...
Ас Деле д1оанехь
Боьху вай кхоллам,
Риц1къанаш дехка тхан
Беркате дахарца, бохуш.

Ас хастам бо Везачу Далла,
Хьо веза ирс цо суна даларна.


Рецензии