Сан г1ийла ойла

Ойлане евла мархаш
Малхан йоьх-сибат хьоста
Таь1на-сира асанаш
Суна  ц1аерзан некъ  гойта.

Ма генахь бу сан хьоме Даймохк.
Жовхаран т1адамсан лепаш.
Ма бода ду сан  доца дахар
Ца лепа  цун г1ийла з1анарш.

Соьлжан хиш дистина доьлхаш
Сан кирара алуха лета.
Г1амарах б1овнаш йоьттин
Хьурсилдиг хилла со лела.

Хьога мохь тоха сан са дац,
Хьоха  яла а сан  йиш яц.
Седарчийн барташ  а гуладеш
Сайн ц1аерзан некъ Делер боьхаш.


Рецензии
Тийжа, йоьлху г1ийла ойла.
Йиц ца ло дай баьхна эвла.
Стиглахь суна лепа седа,
Даймахкана и гой техьа?

Зура, хала ду Даймахкана генахь хилча, садетта.
Ойланаш дика юьйцу ахьа...
Хьан цхьацца публикациш ешна аса.
Хьо йовза лаам бара са.

Ларамца.

Аза Атагинская   12.10.2013 21:56     Заявить о нарушении
Со атаг1ой нус ю-кх)))

Зура Итсмиолорд   13.10.2013 23:22   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.