Со лела ма хуьлла

Со лела ма хуьлла
Ца тила г1ерташ
Нийсачу некъах,
Бакъоне кхийдадеш куьг.
Цахаъ, мел ехар ю
Маьлха - дуьненахь,
1ожалла ю хьийзаш
Даима когаш къелла.
Лааркха цундела
Эхарта со ерзале
Йоккхуш сох йита
Диканца, оьзда а ц1е...


Рецензии