КхозлагIниг сов хуьлу - халкъалахь олу...

«КхозлагIниг сов хуьлу» - халкъалахь олу.
Цуьнах ца теший, со ойлане волу.
Масала, шиъ леташ, буйнаш а лестош,
Дог этIаш, чухьоьдуш вовшашна дера,
КхозлагIниг ца хилахь и шиъ дIакъестош,
Ишттачохь хир ду стаг лазор а, вер а.
Цундела шиъ леташ, даьллачохь дов
КхозлагIниг цкъан цкъа а хир вац-кха сов.

Хоттане, 1974 шо


Рецензии