Нанна лерина
Со яларах,
Малхбузехьа
Со яларах,
Дуьне мел ду
Го тийсарах,
Йиш халлалц
Мохь беттарх --
Йина нана
Ца кари...
...........................................
Дуьнена йисте
Со г1ур ма яра
Цигахь, сай нана
Гур юй хиъча.
...........................................
Массех шо даьлла
Вай вовшех доьвла,
Дикка хан яьлла
Вай вовши ганза.
Юха хьо йог1ур
Йоци хаъа,
Амма сатуьйсу
Хьоьга Нана.
...........................................
И сийна стигланаш
Х1унда кхоьллина - те?
И 1аьржа латтанаш
Х1унда кхоьллина - те?
Дуьненчу со Везан Дела
Х1унда кхоьллина - те
Сел хьалхе ненах
Къастор хилча?
Свидетельство о публикации №111111404303