Ирсан некъ

Дайна ирс лоьхуш
Декъаза лела дуьненахь.
Ма беха хилла хьо
Сан дахаран некъ.
Цу бохалла - безачех,
Лоручех къаьсташ,
Мохо дитта каьгдо
Гаьннаш санна --
Со - м цхьалха
Юьсуьш ма лаьтта...
Цхьалха...Доккхачу
Дуьненахь цхьалха...
Ирс, стаьнгах ду -те?
Доьг1на а дуй - те хьо суна?
Нийсачу некъах
Тилла -те?
Я бехк бу -те
Суна т1ехь?
Кхачийна б1аьрхиш
Кийрара дилха дог
Дут1г1а пардо хилла,
Когех туьйсу мела ц1и,
Сина а хила монаш,
Хено дерзор а доцуш.
Кхоьру йожарна, г1атто
Накъост воцуш йисарна.
Со даима тешна ю, Аллах1
Сай накъост хиларх, цуьнга
Со гуттара кхойкхуш а ю.
Амма бара сан цхьжимма лаам
Адамех накъост сайна
Уллохь хилар.


Рецензии