Ерина охьайиллина к1ади санна,
Даржина йозанаш кху тептар т1ехь,
Тосур ду цкъа вовшех,дарий коч санна,
Ниййатца - довзийта Иман,БЕХК,ЭХЬ!
*** *** ***
Заманан тукаро йоькъучохь
оьмаран аса,
Саьхьарчу мехаша йитича
хадийна ойланийн хьаса,
Хаьддачу суьлхьанех терра схьагулдина
сан байтийн кочар,
Шир ца луш ,лелор ду
керлачу Дахаро кочахь?
Свидетельство о публикации №111111204117