Хьо туьйли вайшиннан къовсамехь, езар...

Хьо туьйли вайшиннан къовсамехь, езар:
Ахь къиза дIатетти сан массо дезар.
Хедийна ели хьо сан байтийн тIемаш,
Со иэшон Iемаш.

Адамийн гIийбатех ца лууш кхера,
Ели-те, хьомениг, хьо кхоччуш хьера?
Соь ала мел дезарг хьо аьлла яьлла,
Соьх дог а даьлла.

Хьалхара къурд а бай къастаран хIонах,
ТIаьххьара бIаьрг тохий сан дагна гонах,
Кхин лаьтта ца божош хьайн бIаьрхих цинц а,
ДIагIохьа хIинца.

ДаьргIа, 1978 шеран апрель


Рецензии