Хьуна хьайнна
ХIуьттаре хуьлуйтуш къастаран хьуна.
Ас хьуна доьллур ду Малхбален кораш,
ЗIаьнаршка хьекхийта хьан уьйтIа нораш.
Ас хьуна дахьар ду Малхбузен беснаш,
Цаьрца товш юй хууш хьан цIегIа беснеш.
Хьан дог ца даккхийта гIайгIане воча,
Ас хьуна седарчий ухкур ду коча.
Веана хьан куьйгийн йовхонна юххе,
Дуьне ас дуьллур ду хьан кераюккъе.
Ас хьуна хазор бац кхин Iоттабаккхам -
Шеконо совгIатна кховдийна баккхал.
ГIур ву со лаьттах я мархашка хьала,
Хилахь сан лулалла лан хьуна хала…
И дерриг дийр ду ас (ца оьшу ела!),
Хьо сайга эсала схьахьаьжна дела.
Хоттане, 1981 шеран февраль
Свидетельство о публикации №111111010530