Айзе

Декаш ду Сахалин-гIайренан чIоб.
Кху пана арахь сан сагатло, Айза…
Стихашкахь хестабо ас нохчийн поп,
Вас ешшехь кхузарчу дитташна айса.

Дийцахьа, керланиг хIун ду вайн цIахь?
Генналлин ницкъ бац-кха вайн марзо йохо.
Хаалахь, суьрта тIехь со воьлуш гахь –
Дийна юй хьоьх йолу сан дегайовхо…

Победино, 1979 шеран аьхке


Рецензии
1алелай, ма хаз байт ю и

Илиас Ганийский   09.01.2017 06:19     Заявить о нарушении