Зелимхан Яндарбиев. Юсупов ИбрахIимна
Стаг шен дуьхьа ваха, вала хьакъ дерг,
Хьакъ дерг шена тIера цIергахь вага,
Хьервала а оьшург, цхьаъ ша бакъдеш.
ГIуллакх хуьлда я дош хуьлда иза -
Цхьа дош, деккъа цхьана элпах лаьтташ,
Аьлла даьлла я аланза дисна, -
Долуш ду-кха иза хIокху лаьттахь...
Ткъа хьо-м вара, нагахь оьшуш хилча,
Дуьненна а тIера ваха кийча,
Вала эшча-м кхана, тахна, хIинцца, -
И дийр долуш вахарал а сийлахь.
Хьо-м ма вара, хьо-м ма вара!.. Амма
Хьо дIаваха-кх, буьтуш къаьхьа лазам:
Дуьтуш цхьа а ладам боцу бахьна...
Ас, хIун алий, берзабе хьох кадам?
Эр ду бакъ дерг: хьо илланча вара,
Хазчу дашна дIалуш дерриг са а;
Эр ду, къонах вара, вехаш вара -
Минот кхаччалц халкъан дуьхьа кхалха...
Эр ду кхин а, кхин а, кхин а, кхин а, -
Амма кIезга, кIезга ма ду иза,
Дагна, жимма мукъне, дайдан хилларг,
Тешо дог - хьо дуьненчохь цахиларх.
КIезга ма ду оццул волчу хьуна,
Виначунна, хьо кхиийначунна,
Везначунна, хьох мел тешначунна,
Хьан гIо, хьан дош шена эшначунна.
«КIорни яйна, орцахъяьлла цунна,
Маьлха дуьхьал летачу аьрзуна,
Шен цIийх буьзна накха бетташ цунах,
Доьхуш кIорни карролц чуцабузар...»*
«ТIулгах кхетта, дуьйхи беттан бошхап»**,
Дуьйхи, дели, хIаллакьхили дош а, -
Кху дуьненан массо маттах гочдарх,
Карор а дац цуьнан метта хIотто...
* ИбрахIиман стихаш юккъера могIанаш.
** ИбрахIиман стихаш юккъера могIа.
Зелимха Яндарбиев. «Зодиакан хьаьркаш», Грозный, 1983.
Свидетельство о публикации №111110904336
С уважением,
Таня Дедич 26.11.2011 14:00 Заявить о нарушении