Хьуьнхо

– ХIей, диг деттарг! Ас до хьуна дов.
Хазац хьуна, дитте буьйлу мохь?
Диттан кийрахь, дагна детта ов,
Бегош, леста стигал кхийда бохь.

Ма деттийша, сенчу диттах диг!
Кхиитийша, Iалам кхолу дитт!
БIаьра хьалха хIуьтту ирча сурт,
ЦIийх Iийдалуш, диттах долу мутт.

Цу хьан дагро хазош долу зов,
Ду цу диттан и кийрара аз.
Диг мел туху, кIарглуш деган чов,
Хаьдда даллалц ло и цунна даз.

Ма деттийша сенчу диттах диг!
Кхиитийша Iалам кхолу дитт!
БIаьра хьалха хIуьтту ирча сурт,
ЦIийх Iийдалуш, диттах долу мутт.

Iалам деца лаьттан букъ тIехь товш,
И ца хилча дебар дара дIовш.
Латто хиларх шен гира мохь ловш,
Хазанигга-м даций цкъа а довш.

Ма деттийша сенчу диттах диг!
Кхиитийша Iалам кхолу дитт!
БIаьра хьалха хIуьтту ирча сурт,
ЦIийх Iийдалуш, диттах долу мутт.


Рецензии