Кхо накъост

– Цхьа-ши цIазам хилла соьгахь,
Цхьацца вайна кхачац уьш.
Ас и ший а дIало шуьга,
Сайна буха ца буьтуш.

Нагахь, ах-ах бекъахь аша,
Кхочур бу-кха сунаъ цхьаъ.
Со а ларахь аш шайн ваша,
Иза хир бу суна кхаъ.

Накъостана реза хилла,
Шимма цIазам баьккхи ах.
Марзо йолуш, доцуш хIилла,
Иштта кхо кIант вара бах.


Рецензии