Хьуьнхахь

Хьуьнан кIоге дIа мел воьду,
Ойла тIомаюьйлу сан.
Олхазарша эшарш лоькху,
Самах гуш дерг хета гIан.

Сенчу бай тIехь зезаг техка,
Цо сан ойла хьаьстина.
Шовданаш ду чабол эцна,
Сан дог хьоьстуш къаьсттина.

РаьгIнийн басеш, юькъа хьаннаш,
Духар духуш кечйина.
БIаьсте кхечи хьаша санна,
Iаламо куц даьккхина.

Хьуьнан Iалам, хIаваъ цIена –
Хьежарх, мийларх Iабац дог.
Сан дог-ойла хьуьнхахь сеца,
Баккха ца луш цIехьа ког.


Рецензии